Районан ветеринарни станцин болх т1ехьажийна бу ярташкахь бехачу бахархойн долара даьхний тайп-тайпана цамгарех 1алашдарна. Оцу декъехула шайн коллективо бечу балхах лаьцна дуьйцу ветстанцин директора Гурулов 1имрана.
Районехь 1967-чу шарахь дуьйна г1уллакхдеш ю ветеринарни служба. Оцу еххачу хенахь дуккха хийцамаш хилла коллективехь. Делахь а коьртачех долу цхьаъ дисина тахханалц. Иза районера бахархойн долара даьхний тайп-тайпана цамгарех лардарна т1ехьажийна ду. Тхан коллективера ветеринарни белхалоша х1ора шарна лерина х1оттийначу графикаца меттигашкахь д1ахьо цамгарна дуьхьал мехий тухуш профилактически белхаш. Оцу 1алашонца жигара г1уллакхдеш бу тхан ветеринарни лоьраш Абалаев 1илмади, Мазиев Зивади, Умханов Ризван, ярташкара ветлечебницийн заведующийш Витигов Вахит, Дерматханов Хьомсаркъа, Бурзаханов 1елим-Хьаьжа, ветеринарни фельдшерш Хасанов 1абдулла, Урусбиева Лимара, говзанча Кайпаева Люба.
Тахана тхан 1уналлехь ду районера даккхийчу хьелех 19882 бежана, кегий даьхний-4882, говраш- 631, з1акардаьхний-47846, ж1аьлеш-100. Чекхбаьллачу 9 баттахь мехий тухуш билгалъяьхна цамгарш яра лейкоз, бруцуллёз, туберкулёз, сибирски язва, ящур, лептоспироз, дерматит. Вуьшта аьлча, 95% кхочушйина мехий тохаран план.
Муьлххачу коллективехь дикачу г1уллакхашца нисло эшамаш а. Коьртачех цхьаъ ду ярташкахь ветеринарни участкийн шайн долахь чоьнаш цахилар. Иштта тоьаш бац ветеринарни образовани йолу говзанчаш. Организацин долахь яц лерина йолу транспорт.
Ветстанцин куьйгалхо волчу Гужулов 1имранах масех дош ала лаьа тхуна. Цо 1985-чу шарахь чекхъяьккхина Ульяновски юьртабахаман институтан ветеринарни факультет. Цул т1аьхьа белхаш бина Сесанара участкови ветеринарни лечебницехь, цул т1аьхьа районан ветстанцехь ветеринарни лор волуш. 2018-чу шарахь дуьйна районан ветстанцин директоран даржехь болх беш ву.
