Илли алар я йиш лакхар, лаккхара говзалла оьшуш, адаман дахаран, культуран цхьа дакъа хилла схьадог1уш ду дукха хенахь дуьйна. Районехь цхьа а даздаран мероприяти д1а цайоьду цара дакъа ца лоцуш. Халкъалахь даима а беза лелош хилла илли, эшар, йиш ала хаза, зевне аз, корматалла йолу нах. Нажин-Юьртан районан Усманов 1имранан ц1арах йолу культуран Дворецехь а ю иштта вовшахтоьхна «Раяна» ц1е йолу мехкарийн вокальни тоба.
«Раяна» тоба вовшахтоьхна 2022-чу шеран апрелехь. Тобанан куьйгалхо ю хормейстер Дамаева Яха. Керла кхоьллина мехкарийн тобанна юкъахь бу Нажин-Юьртара, Замай-Юьртара, Г1алит1ара, Булан-Хит1ара, Мескитара мехкарий: Аюбова Танзила, Аюбова Тамила, Дамаева Марха, Татаева Линда, Урусбиева Раяна, Урусбиева Карина, Умалатова Мархет, Умалатова Амина, Гайтемирова Зулиха, Селимханова Диана, Джайнбизова Луиза, Альбиева Тамила, Мурадова Камила, Анзорова Заира. Х1ора к1иранах шозза репетициш д1ахьош кечам бо «Раяна» тобано.
«Раяна» тобанан куьйгалхочух лаьцна аьлча, Яха Татаевн ц1арах йолу Грозненски пачхьалкхан культуран а, тассаман а колледж чекхяьккхинчул т1аьхьа еара Усманов 1имранан ц1арахчу культуран Двореце балха. Шен болх дика бевзаш, безаш, районехь, республикехь д1ахьочу мероприятешкахь жигара дакъалоцуш кхиамаш бохуш схьайог1уш ю Яха. Ша зевне, хаза аз долуш, говза йиш локхуш артист ю иза. Цуьнан репертуарехь ю ша автор йолуш йолчу дешнийн эшарш а: «Сан Даймохк», «Нажин-Юьрт» и. кх.
«Раяна»Тобано дакъалоцу республикехь, районехь д1ахьочу конкурсашкахь, иштта кхечу тайп-тайпана вовшахкхетаршкахь а. Шен «Халкъан дош» газетан белхалошца хиллачу цхьаьнакхетарехь Яхас дийцира:
-Тхан вокальни тоба районан ярташкара пох1малла долчу мехкарех вовшахтоьхна ю. Х1ора а ю шен корматалла, пох1малла денна кхиорехьа къахьоьгуш. Репетициш д1аяхьа, концерташна кечамаш бан дика хьелаш ду кхоьллина. Сирла, парг1ат болх д1абахьа чоьнаш ю шуна ма-гарра. Массо тайпана оьшучу музыкальни г1ирсаца кхачо йина тхуна. Шен-шен хенахь, юкъарабовлар, т1аьхьа бисар доцуш, репетици д1аяхьа занятешка бог1у сан мехкарий. Мероприятийна кечам беш цуьнан чулацаме хьаьжжина хоржу оха эшарийн композици. Тхайн репертуар махуьллу карлайоккхуш, керл-керла йиш, эшар юкъаялош, репертуар мелла а бе-берса х1отто езаш хуьлу. Х1ора декъашхочун шен-шен аз ду. Ткъа хормейстарна эшаран техника йовзарал сов, х1ораннан аз дика довза дезаш ду. Иштта, къаьсттина къахьега дезаш хуьлу репитицешкахь, хьовсархошна д1агайта еза эшаран произведениш 1амош, х1ораннан аз толлуш. Иштта тхайн махуьллу юьхьк1аме д1аяха г1ерташ схьайог1уш ю тхан мехкарийн коллектив.
Иштта балхаца дика ларош схьайог1у Нажин-Юьртан муниципальни к1оштан мукъамийн школан коллектив а (директор Абдурахманов 1ийса). 1ийса ЧГУ-н драматически театран, кинон артистан факультет чекхъяьккхина веара районан культуре балха. Цул сов режиссер-постановщикан, пачхьалкхан муниципальни урхаллин говзанчин дешар дешна а ву. Иза культурехь болх беш волу 13 шо хан ю. 2021-чу шарахь дуьйна вай лакхахь хьахийначу мукъамийн школан директоран даржехь болх беш ву 1ийса. Цул хьалха Усманов 1имранан ц1арах йолчу культуран Дворецехь 10 шарахь болх бина, культуран декъехь алссам зеделларг долуш, схьавог1уш дика белхало ву. Балха т1ехь баьхначу кхиамийн тоьшаллаш ду Республикан Куьйгалхочо, культуран министерствос, районан администрацис, культуран отдело дина совг1аташ. -Карарчу хенахь мукъамийн школехь доьшуш ву районера 34 дешархо. Кхузахь церан таро ю халкъан иллеш, эшарш, хелхарш 1амо (педагог-хореограф- Чергезбиева Курман). Х1окху шарахь капитальни ремонтан белхаш беш, юхаметтах1оттийна мукъамийн школан г1ишло. Цо таро лур ю деша луучу кхиазхойн барам кхин а лакхабаккха. Иштта тхан планехь ду дечиг-пондаран, сурт дилларан, илли аларан, иштта кхийолу говзаллаш караерзоран кхиазхойн тобанаш вовшахтоха,- элира 1ийсас.
