Россин Федерацин суьдан приставин службан Нохчийн Республикехула йолу урхаллин Нажин-Юьртан районехь йолу отделени г1уллакхдан йолаелла вай долчохь 2007-чу шарахь.
Суьдан приставийн отделенин начальника Джабраилов Артура шайн коллективо бечу балхах лаьцна дийцира:
-13 говзанчех лаьтташ йолу районан суьдан приставин службан отделении тахана д1ахьочу балхах лаьцна дуьйцуш суна билгалдаха лаьа коьрта г1уллакхаш. Уьш ду: бахархоша пачхьалкхана д1адала деза декхар, хилла иза тайп-тайпана налогашца доьзна, хилла иза коммунальни хьаштийн декхар, банкера эцна кредит кхин масане ду уьш, шен хенаца д1а ца луш беттанаш, шераш довлийтина нахера суьдан сацамца схьадаккхар ю. Тхан производствехь дуккха х1иттийна материалаш ю т1ехь тайп-тайпана т1елетта и д1адала аьтту болчу, боцчу бахархойн, предпринимателийн.
Суьдан приставин г1оьнца кхушарахь дуккха а мероприятиш вовшахтоьхна декхархошка декхарш токхуьйтуш. Масала, транспортан налог схьаяьккхина кхушеран 9 баттахь-4 млн. 675 эзар сом, коммунальни хьаштийн декхар-14 млн.49 эзар сом. Йисина категорешкахула-9 млн. 49 эар сом ду.
Суна иштта билгалбаха лаьа шайна т1едехкинчу декхаршца дика ларош схьабог1у судебни приставаш. Царех ву сан заместитель Оздарбиев Апти, Хадаев Темирхан, Борзиев Артур, Ахматханова Тамила, Цукуев 1ийса, Гадаев Асхьаб, Педаев Амрудди, кхиберш.
Джабраилов Артурах лаьцна массех дош ала лаьа тхуна. Цо чекхъяьккхина бизнесан а, урхаллинин а Грозненски институтан юридически факультет. 2017-чу шарахь дуьйна районера суьдан приставин отделенин начальникан даржехь болх беш схьавог1уш ву иза. Кхул хьалха Артура еххачу хенахь белхаш бира судебни пристав а волуш. Белхан зеделларг хиларе терра шена т1едехкинчу декхаршца ларош, коллективан болх нийса вовшахтоха хууш схьавог1у Джабраилов.
