Кхетаман балхана т1е алссам тидам бахийта беза

      Комментарии к записи Кхетаман балхана т1е алссам тидам бахийта беза отключены

 Вайна массарна б1аьрла гуш бу карарчу хенахь республикехь дикчу аг1ор хуьлуш болу хийцамаш. Юхаметтах1иттош, керла еш ю г1ишлош, дика хийцамаш бу экономика, социальни дакъа кхиорехь. Оцу дерригенца цхьаьна республикан куьйгалло алссам тидам т1ебохуьйту юкъараллина зуламе долчу г1уллакхашна дуьхьало ярна. Цу т1ехь жигара дакъалацар, халкъан, мехкан дуьхьа республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дечу г1уллакхаш т1ехь цуьнан накъостий а хилла д1ах1иттар вайн декхар ду.

   Кегийнах зуламечу новкъа бовлар, боккха иэшам бу халкъана. Цундела зулам далале цунах уьш ларбан хьовсар ду коьрта. Вочу т1е1аткъамах кегийнах ларбарехь ондда болх бан беза яртийн администрациша, имамаша, хьехархоша. Юьртахь 1аш хиларе терра царна дика йовза  хьакъ ду шайн юьртарчу кегийрхойн дог-ойла, церан иэшамаш, лаамаш. И дерриге хьесапе а оьцуш вовшахтоха беза  цаьрца бен болх.

   Зуламе новкъа ваьллачо сингаттам бохьу шен доьзална, юьртана, к1оштана. Нохчийн юкъараллехь даима хилла халкъан, мехкан сий лардеш, бале ваьлларг сацош к1ентий. Вайн районехьх1инцалц схьа ларделла нохчийн оьзда г1иллакхаш, ламасташ, церан маь1на к1орггера довзуьйтуш хила деза къоначаьрна. Шайн лаамехь бита ца беза кегийнах. Образованин, культуран декъехь д1аяхьа еза тайп-тайпана мероприятиш, жигара юкъаозо беза уьш юкъараллин, политически дахарна. Тахана дика д1ах1оьттина 1едал ду республикехь, аьтту боцчеран деш ду г1о, шен-шен хенахь д1алуш ду белхан алапа, пенсиш, пособиш. Цундела хала ду тахана харцахьа  г1уллакхаш лелоран бахьанех кхета.

   Дино дита боху халкъана махкана зуламен дерг. Вай теша дай-наноша, имамаша кегийрхой зуламечу г1уллакхех ларбарна т1е  хьокъалла боллу тидам бохуьйтург хиларх.