Районан центр йолу Нажин-Юрт ган а гуш сиха кхуьуш а, шен сибат хуьйцуш а хилар бакъдерг ду. Х1окху т1аьхьарчу шерашкахь кхузахь йина дуккха квартираш йолу х1усамаш, пачхьалкхан предприятийн, образованин, могашалла 1алашъяран, культуран, махлелоран, дахаран хьашт-дезаран объекташ. Хазахеташ, воккхавевеш хийцамаш бу уьш.
Стагана ша волчохь оьзда а, ц1ена а ваха лаьа. Ц1еналла, лоьраша билгал ма-даккхара, могашаллин закъалт а, дег1ан самукъа а ду. Райцентрехь дуккха квартираш йолу ц1енош гуьйренан-1аьнан хьелашна кечдаран г1уллакхаш кхочушдо тахана районан х1усамийн-коммунальни бахаман производственни урхаллин коллективо (директор Чалаев 1ела).
Урхаллин балансехь ду 19 дукхаквартираш йолу ц1енош 6965,9 кв/м г1ишлош. 2022-23-чу шеран 1аьнан муьрана ч1аг1йинчу планаца июль баттахь кечдина 8 ц1а, августехь-6, сентябрехь-5. Дерриге ц1еношкахь газ, ток ю. Ремонт еш кечйина йовхонан котельниш. Вуьшта аьлча, 100% на кечйина лакхахь билгалъяьхна х1усамаш.
Гуьренан-1аьнан хьелашна дукхаквартираш йолу ц1енош кечдеш бина иштта белхаш: ремонт йина тхевнашна, наь1арийн, коьрийн блокашна, ц1анйина туьнталгаш, х1усамийн сениш, подвалаш, и. д1. кх. Х1усамаш гуьйренан-1аьнан хьелашна кийча хиларан тоьшаллаш ду бахархошкахь. Иштта белхаш бина автотранспорт, лерина йолу техника сецарш доцуш 1аьнан хьелашкахь болх бан кечъярехь.
Хьалхалаьттачу декхаршца дика ларош схьабог1у урхаллин директоран заместитель Торсен Милана, шофер Идалов Ибрех1им, тракторист Хасмегов Бадрудди, дечигпхьар Солгераев Нохьа, кхиберш. ПУЖКХ-н белхалоша денна г1уллакхаш до дукхаквартираш йолу ц1еношкара, пачхьалкхан учрежденешкара гулъелла нехаш д1акхоьхьуш. Доцца аьлча, шайна хьалхалаьттачу декхаршца дика ларош схьайог1у урхаллин коллектив.
