Башха жовх1ар ду х1ора дош

      Комментарии к записи Башха жовх1ар ду х1ора дош отключены

 Муьлхха а дош-иза дийнна дуьне ду. Ойла йина ца валлал к1орга а, шуьйра а ду цхьана дешан маь1на. Х1ора дош — бацаларчу тхинан т1адам бу. Цунна чохь лепа зезагийн, г1а-бецан басарш, маьлхан з1аьнарш, стигланийн сийналла, ц1еналла. Цу тхинан т1адамах схьаеттало аьхкенан шатайпа хьожанаш.

   Муьлхха а дош хазахетаро я халахетаро кхоьллина б1аьрхин т1адам бу. Цунна чохь еттало синхааман, дегалазаман, дегайовхонан тулг1енаш. Цо ойий т1ома доху вай, юха г1орасиза лаьтта диссадо.

   Х1ора дош-х1орда бухахь хьалакхиъна жовх1ар ду. Х1ара дерриг дуьне кхобучу, ловзочу нана-х1ордан ницкъ а, саде1ар а шена чу озийна долу, башха жовх1ар ду х1ора дош. Муьлхха а дош къоман дахаран, хиламийн теш ду.         

      А.Исмаилов

Иштта лакхара мах хадийна халкъо дешан. Дешан мах, маь1на къаьсттина дика даккхало халкъан кицанашца, говзааларшца, халкъан 1ер-дахарехь иэсехь дисинчу хиламийн тоьшаллашца. Вайн т1екхуьучу т1аьхьенна, дахарехь оьшу дош долу дешанмасалш,говзааларш, доцца дийцар зорбане доккху вай тахана.

                          К1ант зер

   Цхьана шийла ц1евзинчу суьйранна цхьа жима стаг хилла эрна арахь, чуваха меттиг йоцуш висна. Хьена-мила ву ца хаьа бохуш саьхьарчу наха т1елоцуш цахилла иза. Жима къонах, ц1енна, чот йоьхна висинчу хенахь цхьана воккхачу стага ша волчу чукхайкхина.

   -Схьавола, цхьана буьйса йоккхур ю вай. Чохь сой, и вайн йо11ий бен стаг вац, -аьлла

   Воккхачу стеган йо1 кхиъна яьлла йо1 хила тарло. Ткъа иза суна г1иллакхехь а ма дац аьлла, г1айг1ане хьаьвзина к1ант. Цуьнан дагахь долчух шекваьллачу воккхачу стага, дуьхьало ца йойтуш , чу а вигна, йовхачу пеша хьалха охьа а хаийна, аьлла:

   -Аса хьо чу а вити, цундела ахьа сан йо1 йига еза. Цецваьлла, воьхна хьаьвзина юьхьанца к1ант, амма дагара ца хаийтина. -Ша хьалххехь д1абоху хьоьга, шен йоь1ан ши б1аьрг бац хьуна, ши куьг, багахь мотт бац хьуна аьлла т1етоьхна воккхачу стага.

   -Х1умма а дац, -аьлла реза хилла к1ант.

   Цул т1аьхьа воккхастага схьакхайкхина шен йо1. Ч1епалгиийх дуьзна шун а дохьуш йо1 чоьхьа яьлча, цецваьлла, д1ахьажжинчохь висна к1ант, ша левина хилла-кх кху стага аьлла дагадеана цунна.

   Т1аккха хаьттина йо1е к1анта: « Цу хьан дас хьо Дала тоьхна ю ма бахара: ши б1аьрг бац, ши куьг дац, бийца мотт бац».

   -Сан ши куьг дац бохург, со сайн г1уллакх доцучу ца г1ерта бохург дара хьуна, — аьлла д1адолийна йо1а къамел. — Сан ши б1аьрг бац бохург, со сайн бала боцучу ца хьоьжу бохург дара хьуна. Бийца мотт бац бохург-сайн г1уллакх доцург аса ца дуьйцу бохург дара хьуна.

   Ма хьекъал долуш йо1 ю х1ара аьлла, и т1аьхьа а х1оттийна, ц1а вахана к1ант.

                            Даймахках кицанаш

Вина мохк-мазал мерза бу.

Мехкан доцчу эро-пхьагал ца лаьцна.

Ц1ийнах идда бежана берзан бага дахана.

Шен ненан сий лардечо-мехкан сий а лардийр ду.

Шен ц1а-ц1ен ц1а.

Болх бечу кхаьчча-болх бе, юучу кхаьчча-яа.

Воккхах волчунна хьо жима вацахь, жимачунна воккха а хир вац хьо.                                                    

                           С-М. Косумовн говзааларш             Къа-гихь деба. Эхь-марахь лечкъа. Яхь-юьхьца еха. Хьаг1-хьоьца еха. Ц1ий сица деха. Сий-долчуьнца деха. Мотт- буьйцучохь беха. Г1иллакх-лелочохь деха. Бехк биллинчохь беха. Ирс-барт болчохь деха. Дов-дашца деха. Т1ом-къизаллехь беха. Адамалла-ларъечохь еха. Вахар-валарна деха.