СССР йоххалц 7-г1а ноябрь Россихь Октябрски Революци яьккхина де хиларе терра, пачхьалкхан уггаре деза де лоруш схьадог1уш дара. СССР йоьхначул т1аьхьа, 1996-шеран 7-чу ноябрехь дуьйна, Россин Президентан сацамца нийса а дог1уш, 7-1га ноябрь «Бартан, машар хиларан Де» хилла схьадог1уш ду Россин Федерацехь. СССР йоьхначу муьрехь махкахь Россин халкъана юкъахь пачхьалкхан д1ах1оттамна тайп-тайпана хьежамаш болуш тобанаш кхоллаеллера. Иштта цуьнца доьзна Россин юкъараллехь вовшашца галморзахаллаш кхоллаеллера. Россин халкъан юкъахь барт а, вовшашна резахилар, вовшашца машаре хилар ч1аг1даран 1алашонца билгалдаккха лерина х1оттийна Де ду х1инца 7-г1а ноябрь. 2005-чу шеран 7-чу ноябрехь дуьйна мокъа де долчура хийцина, белхан де лоруш а ду и де.
Х1етталц мехкан уггаре дезачу дийнах цхьаъ дара 7-г1а ноябрь. Оцу денна лерина махкахь дерриге халкъо д1ахьора тайп-тайпана шуьйра мероприятиш: машаре демонстрациш, баккхийн синкъерамаш, тайп-тайпана ловзарш, иштта машаре митингаш. Даздар д1ахьора белхалоша, эскаран г1уллакххоша, школашкара дешархоша. Массар вовшийн декъалбеш, къаьсттина къинхьегамхойн, белха нехан хастам беш чекхдолура оцу денна лерина даздар.
Х1инца 7-г1а ноябрь Россин халкъан бартан, машаран де хилла схьадог1уш ду.
