МУП «Водоканал»
Вайн районан дукхахйолу ярташ молучу хица уггаре хало хьегначу яртийх ларалуш ю республикехь. «Хин къеллин хьал цкъа хьагвеллачунна дика хаьа»,- олуш кица ду вайнехан. Юург ца юуш халла батте валало стаг. Ткъа хи ца молуш 10 дийне а цавалало. Хи адамийн хьогалла яйарал сов, 1ер-дахаран корта бу. Дуьненчохь 1аламан, адамийн, дийнатийн, садолчу х1уманийн ша дерриг дахар хи ца хилча соцур дара. Хица дозуш ду 1аламан дендалар, ц1ано латтор, кхача кечбар, и. кх. д1.
Т1аьхьарчу шерашкахь лахдала доьлла районехь бахархоша хица халохьегар. Нохчийн Республикан хьалхара Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин программехь (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) уггаре хьалхадаьхначу г1уллаккхашна юкъадалийна дара хица а, газаца долу хьашташ. Цуьнан беркатан т1аьхье ю тахана ломахь бахархойн хьашташ дикчу аг1ор хийцалуш хиларн. Тахана дуккха ярташка, х1ораннан керта бохург санна хица кхачоеш белхаш бу районехь д1ахьош. Аттачу долуш ду ламанан районехь молучу хица долу хьал а.
Тхан шеца хиллачу къамелехь МУП «Водоканал» директора А. Дасаевс дийцира:
—Районехь МУП «Водоканал» предприяти йиллина 2022-чу шеран мартехь. Цул хьалха, 2001 шарера дуьйна иза Гуьмсера предприятин филиал яра. МУП «Водоканал» дола деш ю ярташкахь д1ах1иттийна хин чухоамашна йина объекташ, насосни станциш, скважинаш, Яьссин хинкоьртера Г1алит1а кхаччалц, Даьрг1ара Мескита кхаччалц охьадалийначу хинан шин лини, иштта 1уьнала латтадо бахархошна молучу хица кхачо хилийтарна т1ехь. Тахана молучу хица кхачо еш хи далийна 31 юьрта.
Предприятин штатехь болх ву 16 белхало. Церан болх бу хигулдан чухоамашца кхачояр, царна т1е некъаш дигар, гонаха керташ яр, и.кх.д1. Техника, транспорт, иштта кхиболу оьшу г1ирс болуш бу предприятехь. Д1ахьош ду хи долу керла меттигаш таллар. Иштта Нажин-Юьортахь, Г1алит1ахь, Шовхал-Бердахь лаьттах хиш лоьхуш буру тохаран белхаш бу д1ахьош. Иштта тхуна декхар йолу организацешкара, бахархошкара декхар схьдерзорехь беш болх бу тхан. Оцу г1уллакхана кхоьллина Темирсултанов Ибрех1ам коьртехь а волуш белхалойн группа ю тхан вовшахтоьхна. И доцург кхин д1ора кхачамбацарш доцуш схьадог1уш ду тхо, -дерзийра Дасаевс шен къамел.
