«Керла школа» федеральни партийни проект кхочушъеш, «Единая Россия» партин меттигера отделенин белхалоша Нажин-Юьртан №2 йолу юккъера юкъарадешаран школан 7-чу классан дешархошца вовшахтуьйхира «Россин школашкахь киноурокаш» темина яьхначу йоццаметражни фильмашка хьовсар.
Темин чулацаман мехаллех лаьцна дуьйцуш партин меттигера отделенин говзанчас Матрашов Сулимас билгалдаьккхира, тахана дешархошца д1аяхьа вовшахтоьхна мероприяти доьзалашкахь, т1екхуьучу т1аьхьенехь син-оьздангаллин мехаллаш кхолларна т1ехьажийна хилар. Бовзийтира фильман боцца чулацам, Россин гражданинан коьрта, хьалхара декхар — Даймохк ларбар хилар, цуьнан дуьхьа вайн т1аьхье шайн дахар ца кхоош, доьналла долуш кхиа езаш хилар. Делира дешархойн кхолладеллачу хеттаршна жоьпаш а.
