Нохчийн мотт бийца вай
«Къам шен сих, орамах къасто, иза даржо 1алашо х1оттийначара уггаре а хьалха ницкъ бо цуьнан маттана.Ткъа маттана бечу ницкъехула т1е1ат1къамбо ламасташна, г1иллакхашна, 1адаташна».
Сумбулатов Дени
Х1окху деношкахь боккъал а мехала цхьаьнакхетар хилира Нохчийн Республикан Парламентан дешаран, 1илманан, культурин Комитетехь.
Оцу цхьаьнакхетарехь, лакхахь вай ц1е яьккхинчу комитетан куьйгалхочо Хазбулатов Бек-Хана ялийна мехала предложени къобал а еш, Нохчийн Республикан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан т1едилларца, т1едог1у 2023-г1а шо нохчийн меттан шо хилар д1акхайкхийра. Цигахь Кадыров Рамзана къаьсттина билгалдаьккхира нохчийн мотт 1алашбар, кхиор-вайн къоман коьрта декхар, 1алашо хилар:
-Нохчийн къоман г1иллакх-оьздангаллин, ламастийн мехаллийн а, т1екхуьучу т1аьхьенан а юкъаралла-нохчийн мотт бу. Нена-мотт бу вайх нохчийн къам динарг. Мотт- иза къам кхолладаларан бух а, г1ирс а хиларх кхеташ ву вайх х1ора. Иштта 2023-чу шарахь 100 шо кхочу Нохчийн Республикан нохчийн маттахь арадолуш цхьаъ бен доцучу «Даймохк» газетан а. Оцу денна лерина телевиденехула, радиохула, газеташкахула, интернет-г1ирсашкахула мелла а алсамяха еза тайп-тайпана мероприятиш. Иштта д1аяхьа еза нохчийн мотт дика хуурш билгалбахарна лерина конкурсаш.
Лакха коьрттера дешнаш Сумбулатов Денис далийна 2005-чу шеран 12-чу мартехь арадаьллачу «Халкъан дош» газетан аг1онна т1ехь. К1орггера ойланчин дешнаш ду цо кхузахь далийнарш. Муьлххачу а къоман юьхь, оьздангалла, ламаст, г1иллакх, 1адат 1алашдийриг оцу къоман ненамотт бу. Иштта матто до оцу къомах къам а. Ненамотт телхича йовш ю вай лакхахь йийцина къоман йисина мехаллаш а. Ненан мотт церан корта бу. Корта белча леш ду дег1.
Х1окху кхаа-деа б1ешеран йохаллехь нохчашна т1ех1иттина бохамийн а, 1ер-дахаран х1оттаман карчамийн а ойла йича, вайн къам таханлерачу дийне схьадалийнарг нохчийн мотт бу. Иштта, ХIХ-чу б1ешарахь Гергарчу малхбалин мехкашка кхелхина бахана нохчашка къоман юьхь, амалш, ламасташ, г1иллакх оьздангаллин мехаллаш ларъяйтинарг цара дола дина нохчийн мотт бу. Мел хала киртиг т1ех1оттарх вовшвшца, нахаца вай йохье дохуш, вайх кхечу къаьмнийн б1аьрг бузийнарг а нохчийн мотт бу. Кхечу къаьмнийн меттанашкахь алалур а доцуш, аьлча а нохчийн маттахь санна чулацаме хир доцуш, я талмаж дича вайн къомах воцург кхетар а воцуш к1оргера аларш, дустарш, забарш, кицанаш ду вайн маттахь. Вайн 1адаташ, мотт вайх хербаран 1алашонца къахьегна паччахьан сардалша, большевикийн векалша. Делахь а шайн оьмар йохар бахьана долуш шайн 1алашоне ца кхаьчна уьш.
Тахана дуьне, адамаш хийцаделла. Хийцабелла къаьмнийн дахаре, дуьнене болу хьежамаш, синкхетам. Хийцалуш схьайог1уш ю халкъийн синмехаллаш а, иштта хийцалуш схьадог1уш ду вай буьйцучу меттан хьал а. Дера вайн маттахь ардовлуш газеташ, книгаш, телер-радиопередачаш а ма ю. Школехь нохчийн меттан, литературин дарсаш ма ду. Х1ора шарахь лакхара дешар дешна арахоьцуш нохчийн меттан хьехархой а ма бу. Амма юкъаралло башха д1ора чот ца яхь а т1ег1ерташ цхьа «къайлаха» ницкъ бу вайна. Оцу ницкъан шеца дика аг1онаш дера ю, амма вайн ламасташца ца йог1уш ерш а ю «Глобализаци».
Кхечу дешнашца аьлча, дин, кульлтура, идеологи, политика, технически кхиар, адаман 1ер-дахар массо х1ума вовшашца иэдалар, вовшех доьзна хилар хьалхадаьккхина лелаш ницкъ а бу. Дуьненах цхьа пачхьалкх кхолларан 1алашо йолуш юкъадаьккхина идеологи ю иза. Идеологи, хьежамаш, политика цхьаъ хилар хьехадо. Аьххар а мотт цхьаъ хила беза бохучунна т1е бевр бу. Ткъа кегийчу къаьмнийн меттанийн г1уллакх вуьшта а довш схьадог1уш ду. Цундела оцу идеологих вайна пайде йолу аг1о къобал а еш, пайде доцург т1е а ца лоцуш д1адаха 1амо деза т1екхуьу ч1къор. Ткъа чохь, арахь, базарахь, лула-кулахь, хьошалг1ахь хиларх вовшашка буьйцург нохчийн мотт хила беза вайн.
Доллучул доьхнарг ду ши-кхо мотт иэбеш бийцар. Нохчийн маттахь ала ца хууш дерг оьрсийн маттахь олуш, оьрсийн маттахь ала ца хуург нохчийн маттахь олуш, иэбина мотт буьйцуш «мода» яьлла вайна. И «мода» юкъаяьлла хаало тахана къаьсттина т1екхуьучу ч1орана юкъахь. Оцу дакъазалло ч1ог1а декъаза хоьтуьйту вайн меттан хьал. Вайн мотт ларбан йиш, аьтту хиларца исторехь уггаре а тоелла зама ю тахана. И лакхахь вай йийцина «мода» юкъара д1а ца ялахь, ши-кхо ч1къор хийцадалале вайн маттах цхьа а доцург хиларна кхерам болуш хетало.
Доллучул доьхна хетало вайн юкъараллехь нохчийн мотт бийцар т1аьхьа а тоьттуш, вовшашка оьрсийн мотт бийцар «культурни» хилар ду моьттуш цхьа дакъа хилар. И хьал иштта хилар гуш а, хаалуш а дара къасттина советан 1едал долчу хенахь. Ша оьрсийн маттахь бен къамел ца дича шен сий-ларам совболу моьттуш я шен хаарш нахана лакхара хета моьттурш бара уьш. Кхин а доьххарг ду ша иза мухха бийцахь а цхьана кепара бен ца хеташ долу дакъа алсам хилар. Иштта ч1ог1а дастам хета мотт иэбеш бийцар. Уьш вай веша маттана еш чевнаш ю. Тахана я тезетахь, я стаг т1евуьтучохь доцург, базаршкахь, кхеташонашкахь, конференцешкахь, вовшашка хьал-де хоттучохь, интервью луш волчуьнгара мотт иэбеш хеза вайна.
Гена йоцуш, Дагестанан Республикана юкъа йог1уш ю Хамав-Юрт. Нохчийн, суьлийн, г1умкийн, иштта кхин а ийна къаьмнаш ду цигахь дехаш. Валар-висар даьлла цига тезета а кхетта юхадирзина дог1уш, церан юьртара бевзарш т1енисбелла цхьацца дуьйцуш 1ара тхо. Тхо шиъ, бухара виъ-ялх стаг вара къамеле ваьлла 1аьш. Салам а делла тхуна т1евеара цхьаъ. Иза г1умкийн къомах вара. Тхуна хууш дара цу юьртара х1ора г1умкичунна нохчийн мотт хаьий а, ткъа нохчашна г1умкийн мотт хаьий а. Уьш вовшашца къамеле бевлира. И г1умки цхьаъ бен вацара. Ткъо цу юьртара цуьнца къамеле ваьлларг виъ нохчо вара. Цара массара къамел г1умкийн маттахь дора. Сайна и хьал хуъушехь ас хаьттира цаьрга: «Оцу г1умкичунна хаьий ткъа нохчийн мотт?», -аьлла. «Хаьа дера тхуначул а дика-м»,- жоп делира цара. Кхид1а къамел дар эрна дара. Тхо цхьадолчийн дегнаш доьхнера, вуьйш цунна коча бахханза бисира. Цхьана г1умкичуьнгахь шен матте боллучул лерам, веа вайнехан стагехь цахилар лазаме даьллера тхуна. Ткъа тхуна а дагахь, нохчий арабаьхначуьра ц1абаьхкинчу шерашкахь Дагестанера кхечу къаьмнийн нах бог1ура вайн ярташка шайна юкъахь машар беш юкъарло лело даг1ахьара шу бохуш. Цуьнан бахьана вайн меттан хазалла, говзалла лорура цара. Уьш 60-г1а шераш дара.
90-чу шерашкахь 10-15 шарахь ц1ахь я арахь доцуш бертаза девлла лела дезаро бира вайн маттана вочу аг1ор т1е1аткъам. Х1инца вай юхаденделла. Шайн ц1ийца мел уллора хиларх гергарлонах гергарло ца хуьлу иза вовшашца лелош дацахь я царах тоьлла нах и гергарло д1акхоьхьуш бацахь. Иштта мел дукха вай нохчий ду бахарх ца тоьа, вай вовшашка буьйцург ц1ена нохчийн мотт бацахь. Мотт бийца безаш бу. Т1аккха бовр бац ненан мотт. Вовшашка шен ненамотт ц1ена бийцар ду цуьнан дола дар.
Х1окху деношкахь Грозни г1алахь ненанматтах лаьцна д1аяьхьначу совещанех лацна Нохчийн Республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана иштта яздина шен Телеграм аг1онна т1ехь:
-Мотт д1абаьлча-довш ду къам. Дуьненчуьра цхьадолу меттанаш довш ду. Царна юкъахь бу нохчийн мотт а. И боккха бохам бу. Иза хилийта йиш яц. Цунах дика кхеташ вара Нохчийн Республикан хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-ХЬажа а (Дала г1азот къобал дойла цуьнан). Цо элира: «Халкъ, къам санна д1ах1утту, оцу къоман культура а, мотт а мел бу». Берийн бешара дуьйна д1адоло деза нохчийн мотт 1амор. Иштта болх д1абахьа беза школашкахь, дешаран заведенешкахь. Берашна нохчийн маттахь юкъаяха еза тайнагийн спектакальш, мультфильмаш. Ша дерриге а дан деза мотт 1алашбарна, кхиорна т1ехьажийна. Доьзалехь буьйцуш берг хила беза нохчийн мотт. Вай и ца дахь, вайн къоман уггаре мехала хьашт-мотт, культура яйна дуьсур ду вай.
Хазахеташ ду Кадыров Рамзанан Указаца республикехь болх беш нохчийн мотт 1алашбаран, кхиоран 1алашонца кхоьллина меттан говзанчийн комисси хилар. Цара юхаарахецна 1-11 классашна лерина нохчийн меттан, литературан учебникаш. Иштта арахецна нохчийн меттан орфографин 10 томах йолу дошам, шена юкъадог1уш 140 эзар дош а, цхьа миллион сов оцу дешнийн кепаш а йолуш. Иштта, кеста арахоьцур йолуш ю орфографин дошаман цхьа том а. Дала т1аьхье беркате йойла вайн!
