Усманов 1имранан ц1арах йолу культуран Дворецехь цхьаьнакхетар хилира районан куьйгалхочун Селимханов Султанан, Нохчийн Республикан Парламентан депутатан Демильханов Мусан, Россин Федерацин Роспотребнадзоран Нохчийн Республикехула йолу урхаллин Аргун г1алахь йолу районашна юкъара отделан начальникан Лечиев Хьамидан, районан къанойн кхеташонан председателан Зайпулаев 1умарсолтин яртийн администрацийн, образованин, школе даханза долчу берийн, ярташкара медицински учрежденийн куьйгалхошца.
Дийцаре дира берашна шен хенаца цамгаршна дуьхьал прививкаш яран г1уллакх.
Къамел деш юкъаяьллачу Россин Федерацин Роспотребнадзоран Нохчийн Республикехула йолу урхаллин коьрта говзанчас-эксперта Джамурзаева Анжелас шен къамелехь билгалдаьккхира, тахана кхийолчу цамгаршна дуьхьал къийсам латторехь коьрта меттиг д1алоцуш полиомиелит цамгар хилар. Кхид1а бан беза белхан хьокъехь дуьйцуш цо далийра иштта дешнаш:
-Полиомиелит-иза берашна йолуш цамгар ю. И цамгар кхета пхи шо кхаччалц долчу берашна, нагахь санна царна шайн хеннахь полиомиелит цамгарна дуьхьал мехий ца тоьхча. Россин Федерацин могашалла 1алашъяран министерствон приказаца билгалъяьхна хенаш ю оцу цамгарна дуьхьал мехий тохаран хенаш билгалъеш. Полиомиелит цамгарна дуьхьал мехий тохар д1ахьош ду ярташкара амбулаторишкахь, ФАП-хь, берийн бошмашкахь. Тахана дийцаре деш долу г1уллакх коьртачех цхьаъ хиларе терра, аша массара а оцу т1е тидам бохуьйтуш, и мехала мероприяти кхиамца чекхйоккхург хиларх тешна ду вай.
Районан больницан педиатра Мехиева Элимас дийцира берашна йолучу цамгарах, царна дуьхьал бан безачу профилактически балхах лаьцна:
-Берийн кийра мелла а чидам боцуш хуьлу цамгарш лехьорехь. Иза уггаре хьалха сингаттам бу оцу берийн дай-наношна. Т1аккха жимчохь беран сингаттам ца хууш дуккха а ойланашкахь буьсу уьш. Иштта, лоьраллин аг1онашка хьовсар мел эли тидамза латтадо цара. Иза сингаттаме долуш г1уллакх ду дена а, нанна. Россин Федерацин могашалла 1алашъяран министерствос х1оттийначу берашна мехий тохаран календарни планаца билгалйина ю и мехала хенаш. Царна юкъахь ю полиомиелит, БЦЖ, краснуха, паротит. Х1ора берана массарна а оцу цамгаршна дуьхьал мехий тоха аьлла х1ума дац. Мехий тохале лоьрана хаа деза беран могашаллица долу хьал: маха тоха мегар ду я дац. Цхьабакъду вайна юкъахь лелаш долчу г1уллакхах ма-дарра цакхетаран бахьанаш ду. Вайна юкъахь тахана а дуккха дай-наной хуьлу мехий тухучу муьрехь берана маха цатохийта бахьанаш лоьхуш. Цара йоккха новкъарло йо бераш могаш-таза кхиарна. Цаьрна ца хаьа шаьш берашна дийриг зулам дуй. Вайна а дагахь дахарехь дуккха а меттигаш нисъелла цхьацца долчу берашна и г1уллакх бале долуш. Со тешна ю шун г1о-накъосталлийца ярташкахь полиомиелитана, кхийолчу цамгаршна дуьхьал мехий тохаран кампани кхиамца чекхъериг хилар. Нохчийн Республикан Парламентан дупутата Демильханов Мусас цхьаьнакхетар дерзош билгалдаьккхира тахана х1окху вайн кхеташонехь дийцаре дина г1уллакхан массо кхетарца дика т1аьхье беркате хирг хиларх вай тешна 1ийриг хиларх.
