2014-чу шарера дуьйна ламаст хилла схьадог1уш ду Россин Федерацехь х1ора шеран декабран 3-г1а де билгалдаккхар. И де билгалдаккхар лерина ду вайна пачхьалкхан а, цунна арахьа т1еман арахь д1акхелхина, т1епаза байна, цабевзаш бисина т1емалой дагалецарна.
Иштта вайна ц1ераш цайоьвзаш т1еман арахь белла, байна бисинчу салтийн сийнна лерина ду де махкахь билгалдаккхар.
Вайн район а ца йисира Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1амехь воьжначу салтичун лерина де билгалдаккарна юьстаха. Оцу мехалчу денна лерина мероприяти йира Гилнара №1 йолчу юккъера юкъарадешаран школан дешархоша шайн школан майданахь цавевзачу салтичунна д1ах1оттийначу х1олламнахьалха.
Мероприяти вовшахтуьйхира «Единая Россия» партин меттигера отделенин куьйгалхочо Хатулаев Виспашас, туризман а, мохкбовзаран а центран говзанчас Чанкаева Маликас. Дакъалоцуш бара «Единая Россия» партин меттигера отделенин говзанчаш Цербицева Хьава, Матрашов Сулим, туризман, мохкбовзаран центран говзанчаш Джаватханов Абубакар, Сатаева Макка, иштта школан хьехархой, юьртара бахархой. Д1аяьхьначу мероприятехь Гилнара №1 йолу дешархоша турпалхойх лаьцна стихаш йийшира, хьехархоша чулацаме къамелаш дира. Къаьсттина патриотиотически тематикех лаьцна чулацаме къамелаш дира Хатулаев Виспашас, 5-чу классан куьйгалхочо Хасиев Мурада.
