Декъалво толамца!

      Комментарии к записи Декъалво толамца! отключены

Шеко йоцуш ду вайн ламанан районехь тайп-тайпана къийсдаларшкахь толамаш бохуш спортсменаш х1ора шарахь т1етт1а кхуьуш хилар. Районехь г1уллакхдеш ю спортивни комплекс, №№ 1, 2, 13 йолу спортивни школаш. Кхузахь кечбо республикан, Россин чемпионаташка дакъалаца спортсменаш.

   Спортана юкъадог1уш ду пауэрлифтинг (еза х1ума айар). Оцу декъехь шайн спортан корматаллаш гойтуш схьабог1у районера дуккха а кегийрхой. Царех цхьаъ ву «Единая Россия» партин меттигера отделенин говзанча, Нажин-Юьртара вахархо Матрашов Сулима.

   Дикка хан ю Сулимас и атта боцу некъ юьхьарлаьцна.

   Х1окху деношкахь республикера векалшца цхьаьна, Матрашовс дакъалецира Ставрополь г1алахь еза х1ума айба къовсуш д1адаьхьначу  «Европан схьайиллина кубок» чемпионатан  къийсадаларшкахь. Уьш атта а цахилира. Вайн республикера командо хьалхара меттиг баьккхира. Ткъа Матрашов Сулимас шен дег1ан йозаллин барамехь (100 кийла) болчаьрца еза х1ума айба къовсуш хьалхара меттиг баьккхира.

   Толамхошна совг1аташ дина дипломашца.

   «Единая Россия» партин меттигера отделенин, «Халкъан дош» газетан коллективаша даггара декъал во Сулима и мехала толам баккхарца!