Хилира стихийн конкурс

      Комментарии к записи Хилира стихийн конкурс отключены

Районан дешаран урхаллин актови зала чохь Даймехкан Турпалхочун денна лерина стихийн конкурс хилира. Иза вовшахтоьхнера «Единая Россия» партин меттигера отделенин, туризман, мохкбовзаран берийн кхиазхойн районан центран белхалоша.

   Конкурсехь дакъалецира Нажин-Юьртан № 8 йолу гимназин, Нажин-Юьртан № 4 йолу, Булан-Хит1ара, Гилнара, Мескитара, Бена-Веданара школашкара дешархоша.

   Конкурсан толамхой къасто вовшахтоьхнера жюьри: Хатулаев Виспаша-партин меттигера отделенин куьйгалхо, Чанкаев 1имран-туризман, мохкбовзаран центран методист, Даганаева Зарема-берийн кхоллараллин ц1ийнан отделан заведующи.

   Жюрис динчу жам1ашца конкурсехь хьалхара меттиг баьккхира Гилнара дешархочо Джайнабизова Луизас. Шолг1а меттиг-оццу школан дешархочо Хадиева Сабирас. Кхоалг1а меттигаш-Бена-Веданара школан дешархоша Мулаева Раяна, Гакаева Хьавас.

   Конкурсан толамхошна совг1аташ дира грамоташца.