Некъ-массо х1уманан юьхь ю. Вайн ламанан районехь чолхе хьал лаьттина некъашца хьалха дама а. Д1адаханчу б1ешеран 80-чу шерашкахь Замай-Юьртахь некъашна эксплуатаци яран урхалла, «Асфальт-4» завод йилларо дуккха а хийцамаш бира районан некъаш тодарехь. Амма Нохчийчохь даьхкинчу т1еман шерашкахь дохийнера некъаш, болх бечуьра сецна яра асфальтан завод а, иштта кхийолу белхан предприятиш а. Вайна а дагахь асфальтан некъ билларан юьхь юха д1айолийра Билимханов Мусас (Дала гечдойла цунна). Цуьнан д1адолоран г1о лецира Нохчийн Республикан хьалхара президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала г1азот къобалдойла цуьнан).
Оцу шина стагах даьлла беркат ду районехь асфальтан некъаш дахкаран, тодаран хьелаш кхин а шордеш карладаккхар. Карарчу хенахь аводан продукцех пайдаоьцуш х1ора шарахь некъаш тодеш ду районан х1ора юьртахь бохург санна. Тахана вай цец а дуьйлуш машенца дикане, воне, шен кхечу г1уллакхана вахана ван дика некъаш ду районехь. Дуккха а дикчу аг1ор хийцамаш хилла вайн ярташкахь т1аьхьарчу шерашкахь некъашца долу хьал бег1ийлачу т1ег1ане далош. Оцу мехала, мелехьчу г1уллакхана юкъахь тоьлла дакъа, дитина еххачу хенахь «Асфальт-4» заводан директоран даржехь лаьттинчу Солтамурадов Хьамида а (Дала декъал войла иза, Дала гечдойла цунна).
Х1окху деношкахь тхан цхьаьнакхетар хилира «Асфальт-4» заводан керлачу директорца Солтамурадов Шамханца. Некъийн доладаран хьолах лаьцна цо иштта дийцира:
-Заводехь асфальт кечъярал совнаха, оха доладеш некъаш ду районехь 137,2 км. Уьш ду Согут1ара-Хошкалде, Гезлойн-Эвлара-Ц1оьнтара, Мескитара-Замай-Юьрта, Б1аьча-Юьртара-Ялхой-Мохка-Нажин-Юьрта, Г1ансолчуьра 1алара кхаччалц, иштта кхин дуккха а ярташна т1едог1у некъаш а.
Заводехь вовшахтухучу белхашна тоъал техника, коьчал, белхалой бу. Царех ву некъан мастер Сайделимов 1умар, белхалой Темирсултанов 1умар, Осмаев Израил, Окуев Абусах1ид, Евдагаев 1умар, шофераш Лорсанов Вах1ид, Пашаев Расул. Тахана т1ех1оьттинарг 1аьнан мур бу. Некъийн диллина 1уьналла дан дезаш жоьпаллин мур бу х1ара. Некъашца д1асалелачу нахана тхайх бехк баккха х1ума ца дуьтуш дола деш схьадог1уш ду тхо. Халачу участкашкахь кхачо йина химреагенташца. Ло д1адоккху транспорт, оцу г1уллакхана оьшу кхийолу техника тоъал йолуш ю тхан. Оцу декхаршца дика лараво тхан гредерщик Яндуев Висарсолта. Гуш махиллара, деза дукъ ду некъан белхалошна т1ехь лаьтташ дерг. Оцу т1ехь тхайн ницкъ кхочур деш д1адаха дагахь а ду тхо.
