Кунта-Хьаьжин хьехамаш

      Комментарии к записи Кунта-Хьаьжин хьехамаш отключены

Лекхахинволу Аллах1 шайна везийла лаахь нийсо езалаш. Хьайна дезарг, оьшург хьайн вешина дезийла а, оьшийла а хаалахь. Кхечарал хьал долуш, лекха, онда хила ма г1ерталаш. Дала хьайна мел делларг къечуьнца доькъуш хилалахь. 1илманехь, нийсонехь, комаьршонехь сов дийларца хьегийталаш шайх. Аллах1ана 1амалш елаш, кхечуьнан къинхьегамца, хьацарца даьккхинарг шайх ца хьакхадалийта.

Шун герз суьлхьанаш ду, топ а яц, шаьлта а яц. Оцу герзана хьалха г1орасиз бу паччахьаш, дажалш. Х1унда аьлча, царах цхьа а вац Лекхахинволчу Аллах1ал ницкъ болуш. Хьайл дуккха а онда волчу мостаг1чух летта валар ша-шен верах терра ду. Дуьненахь долчу къинойх уггар доккха къа ду ша-шен вер. Цу тайппана 1ожалла т1еэцар Лекхахинволчу Аллах1ан ницкъах а, къинхетамах а ца тешар ду. Иза ма ву паччахьаш кхоьллинарг. Амма уьш зуламна ца кхуллуш, адамаш оьздангаллехь, Миллакхехь ч1аг1дархьама, эхь-бехк латторхьама кхоьллина. Т1арикъатехь болчарна дажал — еса ц1ух1арш ю, уьш охьа а эгар бу, ата а лур бу кхийра кхабанаш санна.

Оьг1азечунна т1ехь толам баккха дикаллица а, безамца а. Б1аьрмецигчунна (пис волчунна) т1ехь толам баккха комаьршаллица. Ямартчунна т1ехь толам бак­кха ц1енчу даггара хиларца. Тешаме воцчунна т1ехь толам бак­кха тешамца. Къинхетаме, тийна-таь1на, кхечуьнан дуьхьа вала а кийча хила. Нагахь санна хьан са исламо ч1аг1дина а делахь, нагахь санна хьан дерриг дахар Лекхахинволчунна т1ебоьду некъ а белахь (т1арикъат) хаалахь дуккханна а хьалха хьо жоьпе вуйла.

Т1ом — акхаралла ю. Т1амна гена довлалаш, нагахь сан­на мостаг1 шуьгара дин, сий, д1адакхха веана вацахь. Шун ницкъ — иза хьекъал, собар, нийсо ю шуна. Мостаг1чуьнга лалур бац и ницкъ, мацца а цкъа иза ша эшна хиларна къера ца хилча вер. вац. Цхьаьннан а ницкъ кхочур бац шун бакъдерг эшо, нагахь санна шу динах тешаран некъа т1ера д1а ца довлахь.

Шайн вежарех цхьа а меца, шийла, аьшнашвина ма виталаш. Мохьаммад пайхамара, Делера салам-маршалла хуьлда цунна, баьхна Лекхахинвол­чунна уггар деза совг1ат ду ахь хьайн к1еззиг йолчух оьшучунна д1аелларг. Вайн т1арикъатехь волу ваша парг1ат 1ойла дац шен ваша г1айг1анехь а волуш. Шуна хаа деза, шайн лазамца, бохамца шу цхьаьна дуьсур доций. Маьрша, синтеме, тешна долчу синойн бен ницкъ кхочур бац т1арикъатах кхета, валлалц цу чохь волуш ваха.

Бусалбанаш! Вовшийн дезалаш. Вовшашна гlo делаш. Баккъал а вовшийн вежарий хилалаш. Вайн массеран дегнашкахь тешар хилчий бен вайх боккъал а тешаш дерш ца хуьлу шуна, моттарг1а хуьлу шуна. Цхьана а х1уманан: я седанийн шийлачу стигланан, я дийнатан, Дала кхетам белла доцчу цхьана а х1уманан таро яц адамийн санна динах тешаран ойла шайн дег­нашкахь ч1аг1ъян. Лекхахинверг шайн дегнашкахь, ойланашкахь лехалаш. Иза шайн дегнашкахь карийчий бен Иза хезар вац шуна, т1аккхий бен шун т1арикъат (некъ) къобал а дийр дац цо.

Лекхахинволчунна деза шуна мурдо диканиг деш хан яккхар. Некъаш, т1айш тодар, шовданаш ц1андар, куьце далор, некъийн йистошца дитташ кхиор, маьждигаш дар. Мурдана т1ехь ду цомгашчунна т1ех1оттар, цуьнга хьажа вахар, къаношна, буоберашна, г1ийлачарна х1ун оьшу хьажар, царна шайн ницкъ кхочу гlo дар. Мурдан декхар ду дов даьллачу майрачун а, зудчун а барт бар, нана шен берех д1атохар, д1асакъаьстина доьзал цхьаьнатохар. Уьш а ду Далла дукха дезаш долу г1уллакхаш.

Шайна вон динчунна дуьхьал вон ма дие. Х1унда аьлча, оцо кхин а доккха зулам кхуллу. Лекхахинволчу Аллах1ана дезна дац цхьана а тайпа вон, зулам. Зуламдайшна та1зар дар а, дика дечарах къинхетам бар а Лекхахинволчун лаамехь ду. Зуламхошний, къизалла лелочарний т1ехь аш толам боккхур бу уьш шайх д1ахербарца, шайн синош ц1андарца, т1арикъатехь нисдаларца. Шун некъ нийса а, ц1ена а, къегина а, ч1ог1а а мел хили хала хир ду зуламхошна а, къизалла лелочарна а. Лекхахинверг шун г1o лоцуш хилар гуш болчу цаьрга лалур бац шун бакъдешан ницкъ.

Кху дуьненахь ялсмани лоьхучарах бац мурдаш. Амма мурдашна ирс-м хир дара кху дуьненахь кхечарна ялсмани ярх. Цундела, т1арикъатехь болчу мурдаша лардан, хаздан деза xlapa дуьне, шайна гонаха мел дерг. Мурда шел т1аьхьа дика, къеггина лар йита еза, кхечарна а масал хин долу. Лекхахинвол­чу Аллах1е а, дерриг адамашка а болчу безамца вогуш волчу мурдо гайта деза стаг х1унда кхуллуш ву, дуьненахь цуо дан дезарг х1ун ду.

Ламазаш деш, кхийолу 1амалш еш яккхалаш дукхах йолу хан. Лекхахинволчо Шен тидамза ца вуьту ламазехь верг. Ламазаша шун синош ц1андо, шун дегнашкахь диканан з1ийдигаш кхиайо, аьхкенан дог1анаша аренца бецаш санна. Ламазаш вайн синош вай Кхоьллинчух хуттуш долу т1ай ду. Вай цунах кест-кеста хоттадаларе терра ч1аг1ло вайн сатийсам, вайн т1арикьатехь нисдалар.

Къинхетаме хилалаш байшца, мискачаьрца, г1ийлачаьрца, г1орасиз болчаьрца. Лекхахинволчу Аллах1а царал мелла а могаш, хьал долуш, нуьцкъала дина шу. Аш а гайта шайн дикалла, къинхетам. Аллах1а аш дечу ламазал а, кхобучу марханел а деза лорур ду-кха иза. Дагахь латтаде Мухьаммад пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадис. Цу т1ехь цо аьлла-кх мархано а, ламазо а ялсманин не1аршка кхачаво, амма шуна уьш схьайоьллу шун комаьршалло, шун къинхетамо. Комаьршалло а, къинхетамо а, ур-аттал б1аьрзениг а, тилавелларг а куьг лаьцна т1арикъатца д1авуьгур ву.

Шайца герз ма леладе. Цунна гена латталаш. Герзо къизалла дагайоуьйту шуна, т1арикъата т1ера д1ахьовзадо. Герзан ницкъ х1умма а йоцург ю-кх т1арикъатца нийса воьдучу стеган сица дуьстича. Муьлхха а герз — оьшучу сохьтехь Аллах1 орцах кхочург хиларх цатешаран билгало ю. Цул сов, Иблис ду даима шун куьг шаьлтанан мукъа т1е я тоьпа т1e ийзош. Шу Иблисан лааме доьрзуш, цо х1аллакдеш ду.

Къинхетам безаш хилалаш. Мел хала хиларх а балхах ма кхералаш. Шен къинхьегамца вехаш воцург кхечеран къинхьегамах вехаш ву шуна. Иза къилахь ду. Иза къола дар санна ду шуна. Баьпган xlopa цуьрган хама бан, боккха лерам бан 1амалаш. Х1унда аьлча, оцу цуьрго олхазар а, зингат а дузо ма тарло. Т1аккха Везахинволчу Аллах1а кхоьллина са к1елхьардоккху ахь. И воцчун кхин цхьаннан а ницкъ кхочур бацаркха са чохь долу уггар жима х1ума кхолла. Сийлахьчу Аллах1а кхоьллина дуьне дезалаш, иза шайн ницкъ ма кхоччу хазделаш, ларделаш.

Совнаха долчух юхадовлалаш. Х1унда аьлча, совнах долчун доза дац шуна, оьшуш долчун делахь а. Кхечеран доцург дезар эхье а, къилахь а ду шуна. Духаршца, бахамца я х1усамашца кхечарал тоьлла, къегина хила г1ертар эхье а, къи­лахь а ду шуна. Дуккха а даьхни а долуш мецачарна дакъа ца дар эхье а, къилахь а ду шуна. Xlopa денна духарш а хуьйцуш, куро еш этт1а бедарш йолчарна юххех т1ехвийлар эхье а, къилахь а ду шуна. Когаш 1уьйра лаьттачунна уллохь еза, хаза мачаш юьйхина латтар эхье а, къилахь а ду шуна. Лекха, беза куй тиллина кхечарах къаста г1ертар эхье а, къилахь а ду шуна. Дукха яаро, дукха набъяро, совнахчу духарша, совнахчу х1усамаша вай герга ца даладо, ткъа гена доху Лекхахинволчу Аллах1ана. Xlopa а бусалба стаг хазво эхь-бехко а, х1уманан барам хааро а. Эхь-бехк а, х1уманан барам хаар а — т1арикъатан ринжа схьадоьллу дог1анаш ду.

Дуьненан сий-ларамашка кхача  ма  г1ерталаш.  Уьш б1алг1анаш бен яц шуна. Даккхий а делаш, дозалла а делаш шаьш шайга нийсса болчарах терра хиларх. Нагахь санна шайна царначул дукха хила лаар я церан йолчул алсам х1ума шайн хила лаар гучудалахь иза царна д1аяла сихлолаш. Х1унда аьлча, аш д1а ца елларг яйна ю. Ткъа аш д1аелларг Къемата дийнахь теш хилла xlyттyp ю.

Массо хенахь, массо меттехь, шаьш х1уъа деш хиларх Аллах1 хьехавелаш, дагахь латтавелаш. Массо а х1ума Аллах1ан дуьхьа а, Аллах1ан ц1арца а делаш. И ду шуна стеган (адаман) коьрта декхар. Майрра а, юха ца довлуш а д1аг1олаш т1арикъатца, оцо шеко йоццуш хьакъикъатна т1едалор ду шу, Лекхахинвол-чунна герга дийр ду шу. Х1унда аьлча, Лекхахинволу Аллах1 во­цург дерриг а г1ан ду, б1алг1а ю, м1аьрго ю, адам зуьйш долу. Иза Лекхахинволчунна герга веана я дийнатан т1ег1анехь висина гойту оцу зераша.

Оьг1аз ма эхалаш. Оьг1азло цхьана ламазера вукха ламазна т1екхаччалц ма латтаелаш. Шайна вас йинчунна къинт1ера довлалаш. Т1аккха цунна а эхь хетар ду шуна. Нагахь санна цунна эхь ца хетахь а Лекхахинволчо ахь сатохарна, собар дарна ял лур ю, хьо къинойх ц1анвийр ву. Хьакъ а доцуш хьайна динчу халахе- тарна, кхоьллинчу эладитана, я харцонна ахь Лекхахинволчу Аллах1ан дуьхьа собарца сатоьхнехь сийлаллехь лекхавоккхур ву хьо. Аллах1ан дуьхьа дина цхьа а х1ума лар йоцуш довш дац. Уьш дерриг дика стоьмаш ду. Т1арикъатехь долчу адаман ницкъ алсамбоккху цара.

Вайн кху дуьненан за­ кон — Шари1ат (шар1) ду. Шар1 — т1арикъат — хьакъикъат – уьш ду-кх бакъволчу суфина некъ хьоьху седарчий. Цара некъах туьлуьйтур вац, галбевллачеран, шеконаш йолчеран некъа т1е д1авоьрзуьйтур вац. Иза зийна некъ бу. Цу некъа т1ехь шун са а, ойла а ч1аг1йийр ю зуькар даро, кест-кеста Аллах1 хьехоро, диканиг дарехь, 1илма 1аморехь сутара хиларо, вошалла хиларо. Дешар, 1илма 1амор, дуьненан хиламийн законаш 1амор т1ехь ду шар1, т1арикъат, хьакъикъат хаьржинчарна.