Бушуев Недарсолтех дош
Къинхьегаман Ц1ечу Байракхан орденлелорхо, РСФСР-н халкъан серлонан т1ехдика белхало, Ерригсоюзни хьехархойн хьалхара съездан делегат, 4,5,6-чу классашкара нохчийн меттан грамматикан автор Бушуев Недарсолта дуьненчу ваьлла 1930-чу шеран декабрь баттахь, Нажин-Юьртара Бетарсолтин доьзалехь. Районан интеллигенци юхаметтах1уттучу шерашкахь дуьйна юкъараллин дахарехь жигара дакъалаьцна бара Бушуевг1ар. Хьанна ца вевза районехь г1араваьлла хилла иллиалархо Бушуев Мохьмад (Дала гечдойла царна). Карарчу хенахь 93шо кхаьчна Бушуев Недарсолта дуьненчу ваьлла. Тахана нохчийн меттан 4, 5,6-чу классан грамматикан автор, нохчийн мотт кхиорехь доккха дакъалаьцна а, шен 61 шеран дахарх 47 шо бераш кхетош-кхиорна д1аделла волу а Бушуев Недарсолта вовзийта хьакъ ву районан т1екхуьучу т1аьхьенна.
ХХ-чу б1ешеран 90-чу шерийн юьххьехь дуьйна СССР-н пачхьалкхехь дакъаздала доладелла 1едалан а, юкъараллин а хьал къаьсттина вайн махкахь ла цадаллал зуламаш а хуьлуш 10-15 шаре дахделира. Ткъа 50-60-чу шерашкахь, вайн республика юхаметтах1оттош жигара дакъалацарца билгалбевлла нах бара дешаран-серлонан декъехь къахьоьгуш схьабаьхкина нах. Лакхахь вай хьахийна зуламаш доладелча, къаьсттина и хьал 1аьткъинарш, дагахкхеттарш оцу чкъуран векалш бара. Иттаннаш шерашкахь цара дешаран декъехь бина болх бацаре а баьккхина, сий дайина лаьттира еххачу хенахь. Оцу кепара х1оьттинчу хьоло сихо йира церан могашаллаш галъяхарехь а, 1ожална сихоярехь а. Цхьа йоцца хан д1алаьцна, йилбаз-мохо д1ахьаькхна г1а санна д1абахара уьш вайна юкъара (Дала гечдойла царна).
Нохчийн мотт а, литература а юхаденйинчех цхьаъ вара шен дахар бераш кхетош-кхиорна д1аделла волу Нажин-Юьртара Бушуев Недарсолта. Тхо доьшуш хиллачу заманчохь вайн республикехь юхьанцарчу классашкара х1ора дешархо а вара Недарсолтин нохчийн меттан грамматиках пайда оьцуш. Кхета атта а йолуш, совнаха чолхенаш а йоцуш, нохчийн дайша барта буьйцуш хилла хазачу, оьздачу меттан бухт1ехь х1оттийна 1илманан жайна дара иза. Недарсолтас хаза, чулацаме, говза байташ, дийцарш яздора. Иштта цхьайолу байташ иллешка а евлла цуьнан.
Недарсолтин хиллачу дешархоша дийцарехь, говза хьехархо хиларал сов, комаьрша дог долуш, берашца к1еда-мерза вазар долуш, оьзда, ц1ена амал йолуш стаг вара иза. Къаьсттина ларамца дагахь лаьтта иза, интернатехь директор волуш цуьнан хиллачу дешархошна.
Нохчийн фольклоран, грамматикан, меттан, дош нийсаяздаран 1илма дика девзинера Бушуевна. Районера оцу заманахь кхиа новкъабевлла поэташ, прозаикаш, яздархой Шайхиев 1алвади, Сайдулаев Хьасан, Гайрбеков Чага иштта кхиберш х1етахьлерачу йозанца, дашца кхиъна бара. Говза хьехархо хиларал сов, муьлхха г1уллакх дика вовшахтохархо а вара иза. Республикехь а ц1ейоккхуш берийн дика дешаран, дахаран кхерч хилла лаьттинчу Нажин-Юьртан интернатан куьйгалхо а волуш болх бира цо шен т1аьхьарчу шерашкахь. Цундела республикан кхечу районашкара бераш а даладора наха цига. Низам дика латтош, дешархошна оьшучунна кхачоярца билгалъяьлла яра Недарсолтин берийн интернат. Цуьнца болх беш хиллачу накъосташа, цуьнан хиллачу дешархоша лакхара мах хадорца хьахаво иза тахана а. Ц1а сатесна сахьаьвзина бер хазчу дашца хьостуш, дог оьцуш гонаха волура, деша а лууш, деша аьттонаш, хьелаш ледара долчу нехан берашна т1ехь къаьсттина тидам латтабора, «хала» амал йолчу берашца болх бан а, хьехархошка байта а хууш вара Недарсолта. Вуьшта юьртан дика-вонехь, юкъараллин г1уллакхаш дийцаре дечохь хьекъале, масла1ате ала дош долуш оьшуш стаг а вара иза. Вайн ламанца юьртан сий хуьлу, юьртахь иэс, хьекъал, кхетам, собар долу нах алсам хилча. Ишттачу нахах, буьзна никх санна, юьзна лаьттина яртийх цхьаъ ю Нажин-Юьрт а. Оцу нехан мог1арехь вагарван хъакъ ву Недарсолта а.
