Тахана — Россин 1илманан Де

      Комментарии к записи Тахана — Россин 1илманан Де отключены

Россин 1илманан Де-иза 1илманчийн, дешначу нехан, профессорийн, студентийн, дахаран къайленаш толлуш, йовзуьйтуш къахьоьгуш схьабог1учу белхалойн деза Де ду.

   1724-чу шеран 8-чу февралехь паччахьан Петр 1-н омрица, Россин исторехь дуьххьара кхоьллина Россин 1илманан академи. Цуьнца доьзна ду вайн пачхьалкхехь 1999-чу шарахь дуьйна, х1ора шеран 8-чу февралехь и де  билгалдаккхар. Оцу терахьца дуьстича, 299 шо ду Россин 1илманан Академи кхоьллина.

   Х1окху 300 шо гергга заманчохь 1илма кхиаран хьал тайп-тайпана хилла Россехь. Делахь а дуьненчохь 1илма кхиоран, даржоран декъехь йоккха меттиг д1алоцуш ю Россин пачхьалкх. Россин 1илманчаш массо а хенахь хьалхарчу мог1арехь схьабаьхкина 1илманан талламаш беш, цуьнан  къайленашна т1екхуьуш, керланиг дуьненна д1адовзуьйтуш.

   Оцу денна лерина махкахь студенташа, 1илманан белхалоша, къаьсттина школера дешархоша, д1ахьо мехала мероприятиш. Х1унда аьлча, 1илма 1амор школера д1адолалуш ду. Х1ора д1айоьду урок-иза 1илма ду. Царах кхуьу 1илманан докторш, академикаш, профессорш, г1арабевлла хьехархой, яздархой, говзанчаш, и.д1.кх. Царах кхиъна тахана дуьненна а бевзаш болу Россин 1илманчаш М. Ломоносов, И. Павлов, Д. Менделеев, П. Капица, И. Курчатов, С. Королёв, иштта кхиберш а.

   Россин 1илманан академин 1илманчаша йовзийтина дуьненна биосферин, космосан (есаллин) 1илманан къайленаш. Иштта баккхийн кхиамаш баьхна Россин 1илманчаша археологехь, медицинехь, промышленность кхиорехь.

   Тахана Россин Федерацехь болх беш 150 1илманан институт ю. Иштта, массо аг1ор 1илманан талламаш д1ахьош 200-лаборатори ю.     Тахана Нохчийн Республика а ю шен къоман 1илманан академих дозалла дан йиш йолуш. Иза кхоьллина 1992-чу шарахь. Цигахь болх беш ву 16 къоман 1илманан академик, 37-1илманан доктор, 60-гергга докторехь кандидат. Церан 1илманан белхаш арабовлу Англехь, Германехь, Италехь, Китайхь, Польшехь, США-хь.