Дукхаквартираш йолу ц1а схьадиллина районехь
Райцентраца доза долуш Ямсу-хин тог1ин Айти-Мохк юьртан майданахь «Х1усмаш» къоман проект кхочушъеш д1ахьош бу г1ишлошъяран белхаш. Шайн махуьллу дика кадоккхуш белхаш бина х1окху шина шарахь «Мегастрой-Инвест» фирман белхалоша.
Белхаш беш д1абаьллачу муьрехь дуккха г1уллакхаш кхочушдина лакхахь йийцинчу объектехь. Дина даьлла 24 доьзална лерина шиъ ц1а, ткъа доьзална лерина цхьа ц1а, берийн беш, берийн ловзаран майда.
Х1окху деношкахь даздаран хьолехь ц1енош схьадоьллуш мероприяти д1аяьхьира. Кхуза баьхкинчу хьешашна юкъахь вара районан администрацин куьйгалхо Музуруев Асланбек, Нохчийн Республикан Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхочун заместитель Тамаев 1аьрби, Россин МВД-н районехула йолу отделан начальник Чалаев Мурад, районан къеда Магамаев Ваха, яртийн администрацийн куьйгалхой, юкъараллин векалш.
Цхьаьнакхетар схьадиллира районан администрацин социальни политикан, туризман, спортан отделан начальника Черезбиева Асета.
Гулбеллачарна хьалха къамел деш вистхиллачу Музуруев Асланбека далийра иштта дешнаш:
-Нохчийн Республикан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан д1адолорца боккха болх д1ахьош бу текхарш а хилла, чохь 1ен х1усамаш йоцучу бахархошна ц1енош дарца, уьш керлачу х1усамашка кхалхош. И тайпа белхаш бина Бенахь, Гуьмсан районехь. Тахана схьайоьллуш йолчу х1усамийн дог1анаш каралуш бу 21 доьзал. Суна баркалла ала лаьа х1ара х1усамаш яйтарехь г1одинчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолу региональни г1одаран фондан куьйгалхочунна Кадырова Айманина, х1усамаш ярехь къахьегначу г1ишлошъярхошна а. Т1ейог1учу хенахь кхузахь дан билгалдина дуккхаквартираш йолу ворх1 ц1а, кхийолу социальни объекташ.
Дала беркате йойла шуна и х1усамаш!
Цхьаьнакхетарехь иштта кхамел деш вистхилира Тамаев 1аьрби.
Районан къедас Магамаев Вахас хьалхара а деш, до1а динчул т1аьхьа Музуруев Асланбека, Тамаев 1аьрбис, Чалаев Мурада лента хадийра дукхаквартираш йолу ц1а схьадоьллуш. Цул т1аьхьа цара б1аьг туьйхира х1усамийн чоьнашка.
