Борхаджиев Хожбаудди: Сан толам Даймахкахь машар

      Комментарии к записи Борхаджиев Хожбаудди: Сан толам Даймахкахь машар отключены

Сан толам-Даймахкахь машар,

И ч1агбар дахаран дорцах.

Сан толам-г1ийлачух вашар,

Кхачадар оьшучохь орца.

Сан толам-сайн махкахь вахар,

Геналлехь пайда ца лехар.

Латтанаш-ялташна ахар.

Вайн Деле беркат а дехар.

Сан толам-мотт бийцар мерза,

Диццадар аганан илли,

Адаман нийсонан терза

Шеконе цкъа а цадиллар.

Сан толам-доттаг1ех тешар,

Г1ап хилла улле д1ах1оттар,

Мостаг1чун ямартло хьешар,

И хьала юха цаг1оттург.

Сан толам-аматаш ненан

Ларарца, хеташ уьш коьрта.

Готасарх кхузза дуьненна,

Ц1а верзар вехачу керта.

Сан толам-кешнаш а, чарташ

Диццадар, т1евоьдуш хийла.

Сан толам-толаман байташ

Дахаран 1алашо хилар.

                    (Борхаджиев  Хожбауди)  

   Нохчийн вевзаш волу поэт, яздархо, публицист, гочдархо, журналист, Гуьмсан районан «Гумс» газетан коьрта редактор, Россин яздархойн бартан а, Россин журналистийн бартан а декъашхо, Нохчийн Республикан культурин хьакъволу белхало Борхаджиев Хожбауди вина 1956-чу шеран 15-чу февралехь, Казахски ССР-н Караганда г1алахь, Рамзанан доьзалехь. Х1окху деношкахь 67 шо кхочу Борхаджиев Хожбаудин. «Халкъан дош» газетан белхалоша винчу денца декъал а веш, тахана газеташдешархошна вовзуьйту и башха кхоллараллин пох1малла долуш волу поэт.     

   Шуьйрачу кхоллараллин хьармехь хьанал къахьоьгуш схьавог1уш ву «Гумс» газетан коьрта редактор Борхаджиев Хожбауди. Иза школехь волуш дуьйна вара литературан кхоллараллица, къаьсттина поэзица, герарло долуш. «Гумс» газетан редакцехь кхоьллина «Шовда» ц1е йолу цхьаьнакхетараллин тобанан декъа вахча кхин а марсаделира цуьнан кхоллараллин дахар. Цигахь волуш йолийра цуьнан произведениш республикан газетийн, журналийн аг1онашкахь а, поэзин гуларшкахь а зорбане яха. Б1е а сов стих ю поэтан композиторша эшаршка, иллешка яьхна. Говза гочдархо хиларе терра поэта оьрсийн маттера нохчийн матте гочйина а, нохчийн маттера оьрсийн матте яьхна а ю алссам стихаш.

   Хожбауди нохчийн кхоллараллин а, культуран а новкъахь мало цаеш къахьегна стаг хилар тоьшалла ду Ерригроссин а, республикан а тайп-тайпана конкурсашкахь толамаш бахарна цунна дина совг1аташ, техкина ц1ерш: «Нохчийн Республикан хьакъволу журналист», Нохчийн Республикан куьлтуран хьакъволу белхало, «Говзаллин юкъараллехь кхиамаш бахарна» знакаца, «Мамакаев Мохьмадан» орденца. Цуьнан ц1е юкъаяхана «Россин XX-чу б1ешеран тоьлла журналисташ» аьлла йолчу энциклопедина. Иштта Нохчийн Республикан интеллекуални центро 2016-чу шеран тоьлла яздархо лерина Хожбауди.

   -Хожбауди, оха, «Халкъан дош» газетан коллективо, даггара декъалво хьо винчу Денца! Машаре, ирсе дахар, йовха х1усам, хьанал рицкъа, комаьрша кхерч, иманехь доьзал лойла хьуна Дала айхьа дуьненчохь йоккхучу заманчохь. Айхьа дагалаьцна диканиг дерриге кхочушхуьлда хьан. Кхиамаш хуьлда кхоллараллин балхахь. Дала латтайойла доьзалехь могашалла! Лойла ийман, деган парг1ато! Ирс долуш дуккха вехийла хьо!

   Лахахь поэтан кхоллараллин дешнашца бовзуьйту оха цуьнан дуьненан дахаре болу хьежамаш.