Бурчаев Хьалиман кхоллараллех дош
Бурчаев Хьаьлим-нохчийн мотт кхиоран новкъахь жигара, хьанал къахьоьгуьш схьавеана поэт, яздархо, журналист, литературан критик, говза гочдархо вина 1956-чу шеран 26-чу июнехь Казахски ССР-н Акмолински областера Вишневски к1оштан Тургеневка юьртахь Ялхой-Махкара Хьасин доьзалехь. Нохчий Даймахка ц1абирзинчул т1аьхьа, 1963-чу шарахь шен варх1 шо кхочуш х1етахь Нажин-Юьртан к1ошта юкъайог1уш хиллачу Ялхой-Махкара юккъера школан хьалхарчу классе деша вахара хин волу поэт. Кхиамца школа чекхъяьккхинчул т1аьхьа Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан филологин факультете (нохчийн мотт, литература) деша вахара Бурчаев Хьалим. Университетехь дешна ваьлча, шен юьртарчу школехь нохчийн меттан а, литературин а хьехархочун т1ера д1адоладелира поэтан бакъдолу къинхьегаман дахар а. Хьалиман хьехархочун пох1малла къеггина билгалделира Оьрза-г1алара юкъарадешаран школехь нохчийн мотт, литература хьохуш волуш. Ала дог1у, ша къинхьегаман новкъа ваьлчахьана, Хьалиман кхоллараллин дахар тахханалц ненан маттаца а, къоман литературица а доьзна схьадог1уш хилар. Иштта, Оьрза-г1алара школера дешархойх цо вовшахтуьйхира, нохчийн литературан кружок. Районехь, республикехь тоьлла меттигаш а бохуш, г1араяьллера Хьалима вовшахтоьхна кхиазхойн кхоллараллин тоба.
Хьалим ша школехь волуш дуьйна а вара стихаш язъеш. Ткъа университетехь доьшуш волуш республикан зорбанан г1ирсийн аг1онаш т1ехь сих-сиха гора ешархошна къоначу поэтан стихаш. Юкъараллин 1ер-дахаран, мехкан 1аламан, къоман оьздангаллин ламастийн, бертахьчу доьзалан, ц1еначу безаман т1е1аткъамаша вина поэт ву ала луур дара суна Бурчаев Хьалим. Х1унда аьлча, шен кхоллараллин новкъахь и дерриге къоман сийлахь долу ламасташ байташка, иллешка даьхна, халкъалахь даржо ницкъ, собар, пох1малла тоьъна цунна. Къаьсттина билгалдаха лаьа, поэта безаман темина даьхна мог1анаш:
Школехь деша волавеллачу шерашкахь дуьйна нохчийн маттахь язйинчу произведених къаьсттина самукъадолуш вара Хьалим. Юх-юха а йоьшура оцу хенахьлера нохчийн яздархойн Мамакаев Мохьмадан, Ошаев Халидан, Ахматова Раисин, Берсанов Са1ид-Бейн, нохчийн фольклор юкъара, иштта нохчийн кхиболу тоьлла нохчийн яздархойн произведениш. Цундела дуй-те але хета поэтан х1ора дош хаза, говза, чулацамие, шен-шен меттахь.
ХХ-чу б1ешеран чаккхенгахь къаьсттина шуьйра г1араяла юьйлира нохчийн шатайпа кхоллараллин васт, дош, хат1 долуш хиллачу яздархочун Гадаев Мохьмад-Салахьан произведениш. Ша дешан говзанча, литературан критик, гочдархо, къоман кхоллараллин хьаьрмахь кхиъна хиларе терра Хьаьлима доккха дакъалецира ша поэзехь хьалхарчу меттехь лоруш волчу Мохьмад-Салахьан кхоллараллин белхаш юхаметах1иттош. Мохьмад-Салахьан «Синлехамаш», «Безаман б1арлаг1а» ц1е йолу шина томан редакци кхеташонан декъашхо а, редактор а хиларал сов, Хьаьлима х1оттийра цуьнан историзмийн, неологизмийн, ширачу дешнийн меттан дошам (1500 дош). Оцу дошаман мехаллех лаьцна иштта яздо Хьаьлима: «-Х1окху карарчу аьрхачу заманахь дехаш долу вай декхарийлахь ду Гадаев Мохьмад-Салахьан кхоллараллехь вешан хаттаршна жоьпаш леха, х1унда аьлча нохчийн психологи, Нохчийчоь ша а йовза луучунна мехала х1уманаш дукха ду цуьнан произведенешкахь».
Т1екхуьучу т1аьхьенан синкхетамна т1аьхьало йоллуш, пайдехьа хьехар ду иза.
Вайн республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзанан д1адолорца юкъаяьккхина «Синмехаллаш» проект вайн таханалера т1екхуьучу т1аьхьенан меттан, кхеташ-кхиоран ламаст а, синкхача а хилла д1ах1оьттина. Мехала дакъа дуьллу цо нохчийн мотт, тоьлла 1адаташ, г1иллакх-оьздангаллин мехаллаш къоначарна йовзуьйтуш. «Синмехаллаш» конкурсан жюрин декъашхо волуш къаьсттина билгалделира Хьалиман кхоллараллин пох1малла, корматалла. Еххачу хенахь университетехь нохчийн литературан, фольклоран кафедран хьехархочун даржехь болх бира цо. Цундела белхан накъосташа, студенташа тахана а ларам беш хьахаво Хьалим.
Хьаьлиман кхоллараллин некъах лаьцна дукха ду дийца. Поэтах лаьцна сайн къамел, нохчийн поэтан, журналистан Кусаев 1адизан дешнашца дерзадо аса: «Дикка хан яра суна, вайн лаьмнийн махкана лаккхара 1илма а долуш, хьекъале, г1уллакхе, къинхьегаме варх1 ваша кхиийначу Ялхой-Махкара Бурчаевг1еран доьзал буьйцу хезна. Т1аьхьа сан ирс хилира царах Дала алссам пох1малла делла волу яздархо, журналист, гочдархо, нхчийн литература йовзархо Хьаьлим вовза…».
Нохчийн яздархойн а, журналистийн а, 1илманан белхалойн а гошна юкъахь иштта хастамие ц1е йоккху тахана Бурчаев Хьалиман.
Я. Инеркаев
Бурчаев Хьалим
Ненан матте
Сан нохчийн мотт-сан аганан илли,
Хийла эзар шерашкара схьа,
Везчу Делан сийлахь совг1ат хилла,
Тхуна кхаьчна таханене хьо.
Шайн кхолламан шогачу г1айракхца
Дайша х1ор а дош хьан ирдина,
Б1ешерашкахь лардинчу г1иллакхца
Наноша хьан мукъам хазбина.
Хьан аз хезна хийла мостаг1чунна,
К1ентий кхойкхуш ларъян Нохчийчоь.
Хьо биен дагахь туьрца веъначуьнан
Кхузахь хила кхалхар, дайна доь.
Т1еман алу хийла хьох хьирчина,
1аьнан чиллахь лайла кхийсина,
Махках доккхуш, хьан халкъ х1аллакдина,
Хьо орамца бух а баьккхина.
Хьо х1етте а, ца леш, дийна бисна,
Весет хилла дайша дитина:
-Тхуна дуьхьал даг1ахь, мотт д1атесна,
Тхо къинт1ерадевр дац т1аьхьенна!
Марша я хьо
Марша я хьо, деган хьаша!-
Ас хьо ларйинера.
Хьо-м схьакхечи сан дог хьаста
Гена-геналлера.
Со-м 1аш вара, йоьхна ойла,
Йоьхна дегайовхо.
Тешна вара: хир дац гойла
Суна юхайог1уш.
Хьо схьакхечи тийна, тийна,
Йог1у а ца олуш,
Деган баьрчехь къиза 1ийна
Г1айг1а арайоккхуш.
Цуьнан меттиг ахь сан дагчохь
Тешамца д1алеци.
Ирсан даьгначу овкъаршлахь
Безаман суй къеги.
Марша я хьо, Маьрша кхача,
Х1инццалц ас ларйинарг!
Гена-геналлера кхаьчна,
Ахь со ирсе вина.
Хьо йина де
Тахана хьан дезчу денца
Даггара декъалъеш хьо.
Сайн безам хьоьга д1абийца
Дош сунна кара-м ца до.
Ас хьуна совг1атна аьлла,
Кхийдабац нур дашо малх.
Я стиглан 1аьршашака ваьлла,
Ца туьйсу седарчийн пал.
Досту ас хьомечу хьуна
Уггаре сан деза дерг-
Хьо езаш даима лезна
Декъала ца хила дог…
Ша-шен садаар
Синтемза кхерста сан ойла
Эххар а ц1а йоьрзур яц-те.
Де даьлча ца хуьлуш гойла
Лезна дог парг1атдер дац-те…?
Х1ора дош лерина хоржуш,
Ас мерза кхоьллина иллеш,
Мацца а дог дуьллуш, даьржаш
Мотт сецна д1атуьйр а дац-те?
Сабааздеш т1ехъязло г1айг1а
Д1ататта ницкъ кхочур бац-те.
Хьо ялош мел дог1у г1енаш,
Кхин ца гуш д1асовцур дац-те…?
Хьох хьерчаш ц1е хилла баьгна,
Синхаамцкъа г1еллур бац-те.
Хьо еза хиъначу дагна
Хьо йицъян хуур а дац-те?!
Марша я хьо!
Марша я хьо, деган хьаша!-
Ас хьо ларйинера.
Хьо-м схьа кхечи сан дог хьаста
Гена-геналлера.
Со-м 1аш вара, йоьхна ойла,
Йоьхна дегайовхо.
Тешна вара: хир дац гойла
Суна юхайог1уш.
Хьо схьакхечи тийна-тийна,
Йог1у а ца олуш,
Деган баьрчехь къиза 1ийна
Г1айг1а арайоккхуш.
Цуьнан меттиг ахь сан дагчохь
Тешамца д1алеци.
Ирсан даьгначу овкъаршлахь
Безаман суй къеги.
Марша я хьо, маьрша кхача,
Х1инццалц ас ларйинарг!
Гена-геналлера кхаьчна,
Ахь со ирсе вина.
