Районан культура белхалошна юкъахь дикачу аг1ор ц1е йоккхуш ю Гилнара культуран Ц1ийнан заведующи Джайнабизова Дагмара.
— Массарна хууш ду культуран кхерч бахархошна сада1а, шайн мукъа хан самукъане, чулацаме д1аяхьа меттиг хилар, -дуьйцу Дагмарас. — Амма дуьххьал д1а сада1аран, самукъадаккхаран меттиг хилла ца 1аьш, культуран Ц1а, коьртачу декъана, кхетош-кхиоран кхерч а бу. Оцу жоьпаллех нийса кхеташ а, тхайн йолчу таронех мелла а пайдаоьцуш а д1ахьо оха бахархошца бен болх. Кхеташ ду, культбелхалой шайн балхе, халкъан кхолларалле безам болуш хилар.
Джайнабизовас шен балхахь иштта коьрта лору халкъан культура кхиор, халкъан дика, хаза г1иллакхаш, ламасташ довзийтар, заманца кхолладелла керланиг даржор, ч1аг1дар. Х1ун хир ду тахана церан меха?
Культуран ц1ийнехь вовшахтоьхначу исбаьхьаллин самодеятельностехь жигара дакъалоцу юьртара кегийрхоша а, мехкарша а. Деза денош т1екхочуш концертни программица самукъа доккху цара меттигера бахархойн. Исбаьхьаллин самодеятельностан дакъалацархойн зевне аьзнаш хеза районехь вовшахтухучу мехалчу мероприятешкахь а. Коллективан жигара дакъалацархой бу Джайнабизова Луиза, Ламаева Рамина, Джайнабизова Айгуль.
Культуран белхан маь1на 1аламат доккха хилар дийца ца оьшуш вайна массарна а хууш ду. Иза коьрта лоруш, оцу 1алашонца еха тахана Гилнара культуран Ц1ийнан заведующи Джайнабизова Дагмара, цуьнан белхан накъост, исбаьхьаллин куьйгалхо Насуханова Яха.
