Хьаша вар а, иза т1еэцар а массо хенахь деза г1уллакх лерина нохчаша. Хьешана не1 къовлар, цуьнан хьашташка цахьажар вайна юкъахь лела йиш йолуш а дац.
Бусулба дино а деза лоручех ду хьаша-да т1еэцар. Цунна тоьшалла до вайн Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисо: «Хьаша-да ца оьшу стаг сийлахь хир вац».
Хьаша-да т1еэцарца доьзна цхьадолу г1иллакхаш билгалдохур вай.
Вевзаш вара — вацара ца бохуш, хене ца хьоьжуш, т1еоьцуш ду хьаша. «Вевзаш вацарх ломахь наха даим оьцу хьаша чу», — яздина шен цхьана стихотворенехь нохчийн поэта Сулейманов Ахьмада. Мила, мичара, муха бохуш, хеттарш ца деш,
«Марша вог1ийла хьо», — олий, т1еоьцу нохчаша хьаша. Хьалха заманахь, чуван, аравала аьтто боллучу олий, юьстах доккхий, хьешан ц1а дуг1уш хилла. «Хьешана динчу цу дуьхьал оти чохь… ойлане велира, бах, и ненан жима к1ант». Халкъан илли т1ерачу оцу мог1анаша ч1аг1до иза иштта хуьлуш хилар. Boгly-воьдучунна олий, юург а, мотт-г1айба а латтош хилла. «Масане шен доьзалх хербина кхача х1оттош, цунна баржоза мотт буьллуш, х1усамнанас хьан хьаша-да верзийна», — яздо Мусаев Мохьмада шен цхьана повестехь.
Цхьа г1уллакх эцна вахана я некъ боьхна висина, ша кхаьчначу юьртахь хьаша оьшуш меттиг нисъеллехь, т1евосса х1усам хоьржуш дац вайн. Хьалха т1енисвеллачу х1усаме ваха веза. Хьалхе дуьйна ша соцуш, оцу юьртахь хьаша хиллехь, иза хуьйцуш а дац. Хьаша хийцинчуьнгара газа йог1у олуш, забар ю нохчийн.
Хьаша х1усамдена а, юьртана а бехке ву. Массо а кепара цунна цатам хинболчух ларво иза.
«Нохчийн г1иллакхехь цо жоп лора хьешан коьртах» (А.Айдамиров).
«Шен кертахь хьешана бохам ца бойту нохчийчо. Эхь ларало иза». (М.Мусаев).
«Кхечанхьа нисвелча, шен аьтто баьлча, со вуьйр а волуш, ткъа х1инца, кху шен тхов к1ел, сан коьрта т1ера чо ца талхийта шен са д1а а лур долуш лаьттийца» (А.Айдамиров). Исбаьхьаллин произведенешкарчу оцу масалша тоьшалла до лакхахь вай далийначунна.
Дерриг дитна а, хьешан г1уллакхе хьажа веза. «Дан амал долчу х1уманна бехказло йина бита тарлуш дац хьешан лаам, сакъера веанехь, самукъадаккха диэза, лурвоьлла веанехь, ларван виэза. Цо арабаьккхинчу некъан г1уллакх кхочуш ца хилча, ц1ийнан ц1е южу», — яздо Кагерманов Доккас.
Хьаша веъча, х1усамдас уггар хьалха схьакхойкху шен доттаг1, цул т1аьхьа лула-кулара цуьнца къамел дог1у долу накъостий.
Helapx чоьхьа хьалха хьаша волуьйту. Жима-воккха ца бохуш, охьахаа баьрче а хьешана кхачайо. Арабовлуш, х1усамда хьалха араволу. Т1евеънарг ларварца доьзна ду и г1иллакх. Хьаша хийра мел хили а, иза д1авоьдуш, цунна т1аьхьавалар шайн юьртах валлалц хилла х1усамден вайн дай болчу хенахь (тахана квартирин не1аре кхаьчча тоуьй-ту), хьешан некъан аьтто муха нисло а хьаьжна, иза д1ахьажийна бен, чу а ца вирзина къонах волу нохчо. «1уьйранна шен къона хьеший новкъабаха юьртах валлалц веара Мажа». (1.Гайсултанов).
Хьешана юург яларан а бу шен бехкамаш. «Бен-берса кхача схьабаларе а ца хьоьжуш, чу макхеччи, хьешана «туьхий-сискаллий» (вуьшта аьлча, кийча ерриг хьалха х1отто еза» (С-М.Хасиев).
Генара веъначу, хийрачу хьешана шен таро елахь, уьстаг1 буьйш ду. «Уьстаг1 а бийна, шун х1оттийча, кортий, накхий хьешана (я хьешех воккха-чунна) хьалха дуьллу. Цо шун доладо уьрсаца бета юьххьера я лерга юххера мерцхалг доккхий» (Х-А. Берсанов).
Юучух кхетталц, беанчу некъах хеттарш ца до хьеше. «Кавказан ламанхошна юккъехь б1еннаш шерашкахь схьадог1у г1иллакх дохо ца лууш, уьш кхача биъна бовллалц хеттарш ца деш lapa х1усамда» (А.Айдамиров).
Хьешана кхача не1аре кхаччалц зударша бохьу, цигахь схьаоьций, хьалха кегийрхоша буьллу, вайн динца дог1уш а ду иштта.
Веанчу хьешана, генара-гергара хиларе хьаьжжина, совг1ат дан тарло. Иза тароне, хьешан лаамашка хьаьжжина хир ду. Дешначу стагана деза совг1ат ду Къуръан. Совг1атна ло дин, герз, сурт, киншка, коч. Билгал-даккха деза, совг1ат дар т1едоьжна г1иллакх цахилар. Х1усамден лааме а, тароне а хьажжина ду и.
Ца ваьлла бен нахехь буьйса яккха саца мегар дац ницкъ кхочуш, хийрачу нахана т1е г1уллакх дахьа ца оьшу. Хьошалла атта дац. Висаза ца ваьлла, ша виснехь, хьошалг1ахь т1ех хала лиэла, ийзавала ца оьшу. Амма хьешана а хаа деза шен меттиг ларъян.
Кхузахь цхьа масал далор вай. Нохчийн Республикан халкъан яздархочо Айдамиров Абузара шен цхьана произведенехь яздо: «Шемал, хьо имам а, шайх а ву, — элира цо (Бенойн Бойсаг1ара) курра. — Ткъа со оьзда нохчи ву. Шайн цигахь суьлийн г1иллакхаш лелор ахьа… Амма сан х1усамехь нохчийн г1иллакхийн сий дан дезар ду хьан. Нагахь и тайпа эвхьаза дош суна шолг1а хеза-кх… Хьо милла велахь а, могуьйтур дац аса…» Вуьшта аьлча, хьошалг1ахь шен мотт а, б1аьрг а ларбан биэза.
Хьошаллех лаьцна дукха кицанаш, дийцарш ду вайн халкъан барта кхоллараллехь.
Масала:
— «Хьаша ца вог1учу ц1ачу беркат ца дог1у».
— «Хьаша цалеринарг хьошалг1ахь ца лерина».
-«Оьзда воцу стаг хьошалг1а веъча, иза дика кхаба. Оьздачунна, ерг елча а, кхачам хир бу».
-«Хьешана шега д1акховдийна меттиг ларъян хаа деза».
- «Ваханчохь дукха ца1а хьаша, амма цунна дуккха а го».
- «Хьешана халахетар дечо ша-шен юьхь т1e туйнаш детта».
— «Вуочу х1усамнанас, шина б1аьрга юккъе шад а бой, т1еоьцу хьаша, амма йоьлуш новкъа воккху».
- «Хьо меца 1ай а, хьаша вузаве».
- «Ц1ахь хьайна луъург яа, хьошалг1ахь – хьайна елларг».
Боккхачу бохамо, некъахьовзамо, цхьа орца эшаро валаво стаг евзаш йоцчу х1усаме. Цундела дицдан ца деза, Сулейманов Ахьмадан дешнашца аьлча:
— Цу кхерчарчу
ц1аро чул а
хьаша вохвеш,
йовхо луш,
Ю вайнехан
комаьршаяла,
Ду вайнехан
оьзда дош!
Баккъалла хилла ду и. Нохчий бехачу цхьана юьртахь (ц1е билгалъяккхар нийса ца хета) 1аш вара махкахь а яккха ц1е йолу къонах Басир. Наха шайна юкъара дика вуон листа а кхойкхуш, цо аьлларг луларчу къаьмнашна а т1ехь дош а хеташ, цо йина кхиэл т1e а оьцуш стаг вара, ша виэрах харц луьйр воцуш, дуьне даларх вохка а лур воцуш. Мухха а цкъа цо йина кхиэл ца тайна цхьана «харц пелхьонна»! Дег1ана онда а, т1ех доьналлица а волчу Басирца ша ларор вац аьлла, къуйшна юкъахь «разборкаш» еш гоьваьлла цхьа «бахьарч» валош веана, иза кхерийна, цуьнга шен сацам хийцийта.
Xlapa шиъ кхечу юьртара хиларна, нохчийн хьаша-да т1еэцаран г1иллакх лардеш, шен чохь, кертахь цаьрца эвхьаз ца волуш, царна шун х1оттийна, цара йина яппарш т1е а оьцуш, 1ад1ан собар тоьъна Басиран. Кхуо лелочух цецваьлла, баккъалла царех кхеравелите бохуш, юххехьийзаш хилла цуьнан шен к1ант а. Амма дас б1аьргаэшара -човхийна, д1асацийна. Шаьш эриг аьлла, шайн дог дассийна, шайгара цхьа хьуьнар даьллачух д1абаха арабевлла хьеший. Уьш шен кертана генабевлча, мохь тоьхна, собар дар дехна Басира,
- Тхан г1уллакх чекхдаьлла, х1инца ахьа х1ун бах? — хаьттина, шен дагахь xlapa кхерийна воьдучо.
- Шуьниг чекхдаьлла, амма сайниг х1инцца долалуш ду. Сан чохь, кертахь шу сан хьеший дара. Кертал арадевлча, цхьатерра ду вай. Х1инца юхадийцал айхьа сан чохь оццул майра дийцинарг, -аьлла Басира.
Важа ша чохь дийцинарг юхадийца волавелла. Амма Басира тоьхначу буйно т1ентакваьккхина юкъахдисина цуьнан къамел а, иштта чекх ца йолуш йисина цо еана куралла а. Изза дакъа кхаьчнера и валош веаичунна а.
Цул т1аьхьа кхин цхьа а стаг х1оьттина ца хиллера Басир кхиэро ван а, я цо нийса йина кхиэл шеконе эца а.
Делан дино а магош дац бусулба стаг шен чохь, шен кертахь шен доьзална хьалха емалвар, сийсазвар, пайдабоцчу ваккхар. Ишттачохь х1усамден бакъо ю шен сий а, шен пусар а Басира санна лардан, эшахь, тоьхна а. Иштта хьеша-ден сий-пусар дан а, хьаша лара а, орца доьхуш иза шайн керта иккхича, ларван а хууш, доккха ийман, собар, доьналла, стогалла, яхь йолуш нах хилла вайн дай. Мел дукха ду вайна кхузахь дало масалш. Дика нах буьйцур а бац вай, нохчаша хийла боьха xlyмa йитина ца юьйш, ца йоьйтуш, шайн юьрта, шайн керта эккхар бахьана долуш, т1аьхьабевллачу ч1ирхошкара к1елхьаръяьккхина. Тахана вайна юкъахь мелла а ширделла дог1у нохчийн и башха г1иллакхаш дендан, лардан, цаьргахула вешан а, вешан дай-нанойн а сий лардан, цаьрга юхахьовса дезара вай. Ма дог1уш дац дарж, таро, хьал я цуьнан дикане шаьш сатесна стаг веъча, цунна когаш к1ел назбарш тийсар (вазвар) а, мисканиг веъча, иза иэшийна вахийтар а. Делера ларахь (халкъо иштта лерина хьаша) цхьатера а, ц1ена а, деза а хила деза массо хьешаца дерг. Ц1арна дерг — Далла санна, нохчийн нахана цадезнарг, цара осал лаьррарг ду.
