Дийцира налогаш гулъярехь хиллачу хийцамех

      Комментарии к записи Дийцира налогаш гулъярехь хиллачу хийцамех отключены

  Районан администрацин актови зала чохь кхеташо хилира республикан налогови службин белхалошца. Дакъалоцуш бара районан учрежденийн, организацийн, предприятийн куьйгалхой, бухгалтерш.

   Кхеташо д1ахьош волчу районан администрацин куьйгалхочун заместитела Мамадиев Хьусайна довзийтира дийцаре дан билгалдина г1уллакх, бовзийтира районе баьхкина хьеший а.

   Республикан налогови службин говзанчаша Алаудинова Хьавас, Нанаев Мохьмада кхеташонехь дийцира Россин № 263 федеральни законехь х1окху шарахь налогови декъехь хиллачу хийцамех лаьцна.

   Кхеташонан дакъалацархойн хилира хаттарш. Царна жоьпаш делира хьешаша.