Турпалхочун ц1е тиллира школана

      Комментарии к записи Турпалхочун ц1е тиллира школана отключены

  Х1окху деношкахь Г1алит1ара юккъера юкъарадешаран школехь д1аяьхьира оцу школана Украинехь д1ахьочу лерина т1еман операцехь майралла, доьналла гойтуш д1акхелхинчу декъашхочун Ильясов 1имранан ц1е тилларан, цуьнан дагалецаман У д1аделларан хьокъехь вовшахтоьхна мехала мероприяти.

   Мероприятехь дакъалоцуш хилира районан куьйгалхо Селимханов Султан, Нохчийн Республикан ОМОН-н командиран заместитель  Байсултанов Мяхьди, Россин МВД-н районан отделан начальникан заместитель Селимхаджиев Рамзан, Россгвардин «Ахмат» ОМОН-н командиран заместитель, полковник Байсултанов Мяхьди, отставкехь волу полковник Эльсункаев Хансолта.

   Мероприятехь иштта дакъалоцуш  хилира 1имраница лерина операци  д1ахьош хилла накъостий, гергарнаш, юьртахой, школера хьехархой, дешархой.

   Мероприяти д1айолалуш шен къамелехь районан куьйгалхочо Селимханов Султана билгалдаьккхира:

   -Таханалера мероприяти деза, мехала маь1на долуш ю. Вайн юьртан, ша дешначу школан, к1оштан, мехкан сий лардеш, доьналица, майраллица шен декхар кхочушдеш д1акхелхинчу къонхчун ц1е ю вай юьртарчу школана туьллуш ерг. Тахана вайн дозалла дан йиш ю т1еман арахь турпалхо санна чекхваьллачу вайн юьртахочух Ильясов 1имранах. «Турпалхой-къонахойх бовлу», -аьлла вайн дайша. Царех хилла 1имран а.  Дала г1азот къобалдойла цуьнан! Дала декъалвойла иза!

   Россгвардин «Ахмат» ОМОН-н командиран заместитела, полковника Байсултановс элира:

   -1имран тешаме накъост, майра т1емало, бусалба ваша хиларна тоьшалла до аса, х1окху сан накъосташа. Т1еман арахь турпалхо санна Далла дуьхьал вахана т1емало ву Стогаллин орденан кавалер 1имран. Тхан полкан ц1арах баркалла боху аса 1имран волчарна, гергарчарна, юьртана  иштта къонаха аша махкана валарна.  Дела реза хуьлда шуна, Дала сий дойла шун, Дала декъалвойла иза!  

   Юьртара вахархочо, отставкехь волу полковника Эльсункаев Хансолтас доцца, амма кхетам боллуш дийцира гулбеллачарна Украинехь лерина операции д1аяхьаран бахьанаш.

   Шен къамелехь школан директора Элисханов Салмана элира:

   -Висинчунна лан хала а, лазамие а ду стеган валар. Ткъа шозза лан хала а, лазамие долу кегийнах д1акхелхича. Тахана х1окху 2023-чу шеран 15-чу мартехь дуьйна школехь д1айиллинчу дагалецаман билгалонаша юх-юха а карлабохур бу вайна а, вайн т1аьхьенашна а Даймехкан турпалхой.

   Салмана гулбеллачарна бовзийтира Г1алит1ара юккъера юкъарадешаран  школана Ильясов 1имранан ц1е тилла Нажин-Юьртан муниципальни районан депутатийн кхеташонан хилла сацам.

    1имранан ден дас Ильясов Соьлис баркалла элира шайн сий а дина, 1имран бахьана долуш иштта мероприяти вовшахтоьхначарна, хьешашна, юьртахошна.

   Лента а хадош, Мемориальни У д1аделла бакъо елира 1имранан ден дена Ильясов Соьлина, «Ахмат» ОМОН-н командиран заместительна Байсултанов Мяхьдина , районан куьйгалхочунна Селимханов Султанна а.

   Лерина т1еман операци д1ахьош дакъалоцуш д1акхелхинчу бусулба к1енташна до1а а деш чекхъяьккхира мероприяти.