Районехь юхаметтах1отторан МУР д1аболабелчахьана пачхьалкхан, муниципальни берийн бошмаш йина вайн ярташкахь. Т1аьххьарчу шерашкахь йинчу берийн бошмашна юкъахь ю Г1алит1ахь, Мескитахь, 1аларахь, Зандакъахь, Айти-Махкахь, Гуьрж-Махкахь ерш. Иза доккха совг1ат ду доьзалш болчу дай-наношна.
Х1окху деношкахь 140 берана лерина керла берийн беш ян йолийна Нажин-Юьртара керла посёлкехь. Дуккха хан яра кхузара бахархоша и лазам буьйцуш болу. Х1инца и сатийсам кхочушхиларан новкъабаьлла.
Керла еш йолу берийн бешан белхан хьал довзаран 1алашонца кхузахь хилира Нохчийн Республикан Парламентан депутат Демильханов Муса, «Единая Россия» партин меттигера отделенин куьйгалхо Хатулаев Виспаша, районан къанойн кхеташонан председатель Зайпулаев 1умарсолта. Цхьаьнакхийтира г1ишло яр д1ахьочу прорабаца Джарлаев Вахица. Талламхой реза хилира г1ишлошъярхойн балхана.
