Районан бахархошца кест-кеста цхьаьнакхетарш до Нохчийн Республикан Парламентан депутаташа Демильханов Мусас, Рашаев Забека, «Единая Россия» партин меттигера отделенин куьйгалхочо Хатулаев Виспашас, районан къанойн кхеташонан председатела Зайпулаев 1умарсолтас. Цхьаьнакхетаршкахь дийцаре до ярташкара кхачамбацарш, лоху нехан хьашташ мелла а дика кхочушдаран некъаш, дика хьаьвза бахархой т1еоьцуш а, цаьрна шайна далуш долу г1о-накъосталла деш а.
Иштта х1окху деношкахь «Единая Россия» партин меттигера отделенехь бахархой т1еийцира Демильханов Мусас, Рашаев Забека, Хатулаев Виспашас, Зайпулаев 1умарсолтас. Цхьаьнакхетаран дакъалацархоша ладуьйг1ира бахархойн хаттаршка.
Булан-Хит1ара яхархочо, шолг1а группан заь1апхочо Арсалиева Нурьяна дийцира ша еха х1усам юхатоярехь 1едалера г1о эшарах, таханлерачу хьелашца шен и г1уллакхдан аьтту цахиларх. Депутаташа хьокъала йолччу органашкахула оьшу г1о-накъосталла дан шаьш хьовсарг хилар д1ахаийтира цуьнга. Иштта кхачо йоллуш жоьпаш делира бахархойн хаттаршна а.
