«Керла школа» федеральни партийни проект кхочушъеш, «Единая Россия» партин меттигера отделенин белхалоша (куьйгалхо Хатулаев Виспаша), Нохчийн Республикан Парламентан депутатаца Демильханов Мусаца, районан къанойн кхеташонан председательца Зайпулаев 1умарсолтица Нажин-Юьртара №4 йолу юккъера юкъарадешаран школан лахара классашкара берашна бовха кхачанца кхачояран терго еш талам д1абаьхьира.
Хатулаев Виспашас билгалдаккхарехь лакхахь ц1е яьккхинчу школехь шайн-шайн хенахь дешархошна бовха кхача латтош, кхачамболлуш дика хьелаш кхоьллина. Иштта кхача кечбечу г1ирсан чоьнаш санитарни бакъенашца йог1уш хилар а хиира.
Школан директора Зелимханова Заринас билгалдаьккхира тахана школехь лахарчу классашкара 171 бер бовхачу кхачанах кхеташ хилар, оцу т1ехь школан администрацис ледарло ца еш берашна бовха кхача латторан г1уллакх коьртачу тидамехь латтош хилар.
