Омаев Дагунан кхоллараллех лаьцна

      Комментарии к записи Омаев Дагунан кхоллараллех лаьцна отключены

 Советски, Россин, нохчийн театран, кинон артист, Нохчийн пачхьалкхан Советски Союзан турпалхочун Нурадилов Ханпашин ц1арахчу драматически театран актёр, РСФСР-н хьакъволу, Нохч-Г1алг1айн, Г1ебартой-Балкарин, Къилбседа Х1ирийн, Абхазин халкъан артист Омаев Дагун вина 1943-чу шеран 5-чу майхь, Шелан к1оштан Сиржа-Эвлара Ибрех1иман доьзалехь. 2019-чу шеран 30-чу апрелехь шен 76 шо кхочуш Далла дуьхьал вахана нохчийн г1араваьлла киноактёр Омаев Дагун (Дала декъалвойла иза!).

   Дагун шо а кхачанза волуш нохчийн халкъ махкахдаьккхира. Ибрех1иман доьзал шийлачу Казахстанехь 13 шо а даьккхина ц1абирзича дейтта шаре ваьлла кхиъна вог1уш к1ант вара Омаев Дагун. Юьртахь юккъера школа чекхъяьккхина ваьлча, шен юьртан хьехархо хила ойла д1а а теттина, Назранера юьртабахаман техникуме деша вахара иза. Х1етахь шех г1араваьлла актёр хирву бохург дагахь а дацара к1ентан. Амма Нохч-Г1алг1айн драматически театран студе деша боьлху шен накъостийн г1олаца вахханчохь театран куьйгалхочун Хамидов 1абдул-Хьамидана ч1ог1а билгалвелира шен леларца а, хьекъалца а, забаршца а актёран пох1малла долуш волу жимстаг. 1абдул-Хьамида гучудаьккхира цунна шена цуьнан актёран пох1малла. Иштта башхачу бахьаница д1адоладелира Дагунан керла, актёран дахар.

   1961-63-чу шерашкахь Омаев театран студехь деша а доьшуш цигахь х1итточу спектаклашкахь актеран тайп-тайпана ролашкахь ловзура. Еххачу хенахь цо ц1ерачарех лачкъийна латтийра шен актёрски профессина т1ейирзина дог-ойла. Иштта чекхъяьккхира цо ГИТИС (Пачхьалкхан театран искусствон институт). Цул т1аьхь дуьйна шен исбаьхьаллин а, профессионални а кхоллам Нурадилов Ханпашин ц1арахчу драматически театраца  д1абуьйзира цо. 1960-чу шерашкахь дуьйна цигахь х1итточу спектаклийн коьрта ролаш цунах тешайора театран администрацис. Цигахь нохчийн, оьрсийн маттахь х1итточу спектаклашкахь 30 сов коьрта роль ловзийра цо. Къаьсттина г1аравелира иза Б. Равенскин «Драматически илли» спектаклан коьрта турпалхочун Корчагин Павелан роль ловзош. Х1етахь дира цунна Ленинан комсомолан премин лауреатан ц1е тилларца совг1ат. Иштта 1-Хь. Хамидовн «Лийрбоцурш» спектаклан коьрта турпалхочун Нурадилов Ханпашин роль  а кхиамца ловзийра х1инца хилла ваьллачу актёра. Цигахь, РСФСР-н, НГ1АССР-н  культуран министерствос шозза сийлаллин дипломашца совг1аташ дира цунна. Иштта Советски Союзан халкъана вовза а, веза а волавелира Омаев.

 1968-чу шерашкахь дуьйна советски кинофильмашкахь коьрта ролаш тешайора цунах. Вайн т1екхуьучу т1ехьенан тахана муьлххачу а хенахь хьовса йиш йолуш ю иза коьрта ролехь а волуш оцу заманчохь яьхначу фильмашка: «Б1аьвнийн бахьашкара ц1ераш», «Туьйране дирзина дахар», «1аьржачу г1амаршкахь», «Карзахе Терк», иштта кхин а ахб1е гергга фильмашка.    Омаев Дагун шен профессиональни балхаца ларийна ца 1аш, республикан юкъараллин а, политически а дахарехь жигара дакъалоцуш вара. Иштта, шозза Нохч-Г1алг1айн АССР-н Лакхарчу кхеташонан депутат, т1аьхьа Нохчийн Республикан  хьалхара Юкъараллин палатин депутат а хаьржира иза. Цул сов РСФСР-н кинематографистийн Бартан правленин декъашхо, НГ1АССР-н театран г1уллакххойн Бартан председатель лаьттира еххачу хенахь.