Ненан мотт- дахаран хазна      

      Комментарии к записи Ненан мотт- дахаран хазна       отключены

   Усманов 1имранан ц1арах йолу районан культуран Дворецехь хилира нохчийн меттан Денна лерина даздаран мероприяти. Цуьнан балхахь дакъалоцуш вара районан администрацин куьйгалхочун заместитель Исмаилов Ахьмад, районан куьйгалхо районан образованин урхаллин, учрежденийн куьйгалхой, «Халкъан дош» газетан журналисташ, нохчийн меттан хьехархой, дешархой.

   Нохчийн меттан денна лерина гулбеллачарна хьалха доклад йира Зубайраев Сайпудис. Цо элира:

-Шайн барамца даккхий а, кегий а эзарнаш къаьмнаш ду дуьненахь. Xlopa къомана а шена-шена дела эзарнаш меттанаш а ду . Меттан г1оьнца б1ешерийн к1оргенера таханлерчу дийне схьаеана къаьмнаша шайн башхалла, вуьшта аьлча шайн-шайн ламасталлин культура. Цхьаммо ца къуьйсуш дахаран бакъдерг ду шен мотт боцуш къам хуьлуш цахилар. Къам хиларан коьрта билгало ю мотт. Дерригенан бух бу и. Мотт боцуш хуьлийла дац къоман культура, литература, оцу къоман шен г1иллакх. Иза д1абаьлча, лар ца бича, довш ду къам. Цунна масалш а дуьненахь б1еннаш ду.

Шен ненан мотт халкъо,

Сий ойбуш, 1алашбахь,

Цу халкъан парг1ато

Цхьаммо а хьошур яц.

   Иштта яздина Мамакаев Мохьмада ненан маттах лаьцна. Оцу дешнийн маь1нех кхета хала дац. Шен парг1ато ца ларъелла къам леш ду, ткъа парг1ато ларъяран уггар нуьцкъала герз мотт лору автора.

Дала нохчийн къомана белларг нохчийн мотт бу. 1илмано ч1аг1дарехь, дуьненан ширчу меттанех цхьаъ бу иза. Вайн мотт хьал долуш хиларх, цуьнан исбаьхьаллех цецбийлина гоьбевлла оьрсийн яздархой, 1илманчаш.

Иштта, дуьненна а вевзачу оьрсийн воккхачу яздархочо Л.Н.Толстойс яздина: «Нохчийн мотт уггар хазачу а, хьал долчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь». Вай нохчий ду, ду- нохчийн мотт вай мел буьйцу. Цундела вайх х1ораннан а сийлахь декхар ду вешан ненан мотт ларбар. Амма мотт ша-шаха 1емаш бац, ша-шаха ларлуш а бац. Цундела иза бийца беза шен чохь доьзалшца, арахь нахаца, 1амо, кхио беза оцу маттахь йолу киншкаш ешарца, газеташ, журналаш яздарца.

Тахана вешан мотт 1амо цхьа а дуьхьало яц вайна. 2007-чу шеран 25-чу апрелехь Нохчийн Республикан Президента, куьг яздеш, ч1аг1дина «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долу Нохчийн Республикан Закон. Чloгla мехала Закон ду иза. России а, Нохчийн Республикан а конституцешца дог1уш х1оттийначу оцу Законо, оьрсийн маттаца цхьатерра бакъо йолуш, пачхьалкхан мотт аьлла, д1акхайкхош бу нохчийн мотт. Цундела цуьнан бакъо ма ю пачхьалкхан т1ег1анехь лелочу документийн, кхечу кехатийн мотт хилла лела а.

Закон т1еэцна де (25-г1а апрель) Нохчийн Республикан Президентан Указца «Нохчийн меттан Де» ду аьлла, д1акхайкхийна а ду. Оцу акташца (меттанийн хьокъехь Закон а, Нохчийн меттан Де кхайкхоран хьокъехь Указ а) т1еэцарца республикан куьйгалло нохчийн мотт кхиорна, ларбарна, баржорна т1ехьажийна бечу белхашна шуьйра некъ баьстина.

Х1инца законан бух бац аьлла, цхьа а новкъарло яц пачхьалкхан органашкахь г1уллакхан кехаташ нохчийн маттахь лелорна, юьхьанцарчу классашкахь хьехар нохчийн маттахь хилийтарна, цунна лерина даздарш, олимпиадаш, конкурсаш д1аяхьарна, яртийн, кхи йолу ц1ераш нохчийн маттахь хилийтарна.

Республикан куьйгалхочо къастам боллуш шен дош аьлла. Тахана оьшург вайн лаам бу.

Дуйнаца ч1аг1дан йиш ю лаккхара дешар дешначу эзарнах б1е стаг нохчийн маттахь шерра еша, яздан хууш вац аьлла. Уггаре доьхнарг ду ненан маттахь яздан а, деша а цахаар цуьрриг а эхье вайна ца хеташ хилар.

Мотт, духар, г1иллакхаш — къоман сибат ду. И сибат лардеш верг ийманца ву, иза вуьззина нохчо ву шен махкана хьакъволу къонах ву.

Меттан сий ца дечо шен ненан сий ца до. Ненан сий ца дечо мехкан сий дийр дац. Шен мехкан сий дан хууш воцчух къонах хир вац.

Дерзорехь дало лаьа Нохчийн Республикан халкъан поэтан Арсанукаев Шайхин «Ненан мотт» стихотворени т1ера иштта мог1анаш:

Кхидолчу къаьмнашна шайнаш а санна, Нохчашна шайн мотт а сов хьоме бу. Нагахь хьо ца ваг1ахь хьайн халкъацанна, Хаалахь, декъазниг, хьо цхьалха ву.

Дала лардойла вай ненан мотт бицбина дакъазадовларх!

   Нохчийн меттан Денца декъал даран дешнаш олуш вистхилира районан администрацин куьйгалхочун заместитела Исмаилов Ахьмада. Цо элира:

   16 шо хьалха, 11-чу майхь, Нохчийн Республикан  Президентан Р.А.Кадыровн Указца юкъадаьккхина Нохчийн меттан де даздо республикан бахархоша 25-чу апрелехь билгалдаьккхира цо. Хууш ма-хиллара, республикан куьйгалхочо иштта сацам бина нохчийн мотт кхиоран а, марзбаран а 1алашо йолуш, нохчийн юкъараллин оьздангаллин хьал тодарехь а, къоман бакъдолу ламасташ, г1иллакхаш меттах1итторехь а коьрта дакъа цуьнан хиларна.

Не­нан мотт — вайн дахаран деккъа цхьа дакъа хилла 1аш дац. Иза башха г1ирс бу адамаш вовшех кхетаре кхачош болу, иза кхетош- кхиоран г1ирс а бу, иза халкъ шен башхалла йолуш хиларан бух а бу.

Билггал, мотт ца хилча къам а дац, цуьнан са а дац. Ненан меттан хазалла а, цуьнан токхе хилар а гойту шайн произведенешкахь нохчийн яздархоша а поэташа а.

 Уггар а халчу заманашкахь, махках даьккхина, яккхий халонаш, къизаллаш ловш даьхначу дуккха а шерашкахь нох­чийн халкъо леррина ларбина шен мотт, цадоьхна шен амалх, г1иллакхех. Вайн дайша йо1б1аьрг санна, лардеш схьадеанчарна юккъера тоьлла дерг схьакъасто а, т1екхуьучу, т1аьхьенашна д1акховдо а деза вай.

25-г1а апрель нохчийн меттан де аьлла д1акхайкхийна нохчийн мотт 1алашбарехь долчу жоьпаллех вайх xlopa a кlopггepa кхетийтархьама, иза марзбарна боккха тидам вайга т1ебахийтийтархьама. Деккъа и де даздайтархьама билгалдаьккхина дац иза.

Нохчийн Республикан Куьйглхочо, России Турпалхочо Кадыров Рамзана боккха тидам т1ебохуьйту республикехь ненан мотт кхиорна. Вайх х1ора а жоьпалле ву т1екхуьучу вайн т1аьхьенашна хьалха. Тахана вай массо а — 1едалан векалш а, культуран г1уллакххой а, дешаран белхахой а, кхоллараллин ерриг а интеллигенци а — декхарийлахь ву вайн ненан меттан сий айа. Уггар хьалха, муьлхха а нохчо дозалла дан декхарийлахь ву шен ненан мотт дика хаарх. Цуьнгахула кхочу вайга къоман г1иллакхаш ларар а, Даймахке безам хилар а.

Вайн юкъараллин дахарехь халкъан дезачу денойх уггар а ларамечух цхьаъ хила деза нох­чийн меттан де. Декъалдо шу оцу денца. Лаьа шу ненан меттан к1оргене кхочийла а, цуьнгахула шайн халкъан са довзаре кхочийла а, шух бакъдолу нохчий хуьлийла а.

   Цхьаьнакхетарехь нохчийн меттан маь1нех лаьцна дийцира Девлатби-Отарара коьрта школан нохчийн меттан хьехархочо Алиева Совната

   Исмаиловс, Зубайраевс совг1аташ дира нохчийн мотт кхиорехь жигара дакъалаьцначу белхалошна.

   Дезчу дийнан дакъалацархоша боккхачу лаамца ладуьйг1ира райцентран, ярташкара цхьамог1а дешархоша ешначу сихашка, д1алекхначу эшаршка, иллешка.

   Нохчийн меттан Денна лерина мероприяти кечъеш, д1ахьош жигара дакъалецира районан дешаран урхаллин методиста Исрапилова Хедас.