Турпалхочун парта

      Комментарии к записи Турпалхочун парта отключены

   «Керла школа» партин проект кхочушъеш, «Единая Россия» партин меттигера отделенин белхалоша дакъалецира «Турпалхочун парта» схьаелларехь, турпалхойн хьуьнарех боцца хаамаш бовзуьйтуш Нажин-Юьртара пачхьалкхан техникумехь, 4-а юккъера юкъарадешаран школашкахь.

   «Турпалхочун парта» схьайиллира Россин Турпалхочунна Чалаев Замидана- Стерч-Керчахь, т1еман ветерана Бетельгериев Абуезидана-Нажин-Юьртара пачхьалкхан техникумехь, лётчикана-зиерхочунна Мацаев 1елина Даттахехь, Украинехь д1ахьочу лерина т1еман операцин дакъалацархочунна Ш. Абдулхалаковна-Татай-Отарахь — терроризмана дуьхьал д1аяьхьначу операци дакъалацархочунна Солтаев Шемална -Нажин-Юьртара №2 йолчу школехь.

   «Турпалхочун парта» схьайоьллуш вовшахтоьхначу мероприятешкахь дакъалецира партин меттигера отделенин куьйгалхочо Хатулаев Виспашас, говзанчаша Матрашов Сулима, Цербицева Хьавас, районан къанойн кхеташонан председатела Зайпулаев 1умарсолтас, техникуман директоран заместитела Эльсаева Бусанис, районан дешаран урхаллин начальника Зубайраев Сайпудис, Бенара , Байтаркера яртийн администрацийн куьйгалхоша М. Оздарбиевс, А. Сапаевс.