Мехкан парг1атонехьа машарехьа дахар д1аделларш дагалоцуш

      Комментарии к записи Мехкан парг1атонехьа машарехьа дахар д1аделларш дагалоцуш отключены

  «Вайн дайн, вайн т1аьхьенийн дуьхьа

 д1адаханарг диц а цадеш вайн

хиндолчуьнан ойла еш даха деза вай!»

                                                                     Кадыров Рамзан

   Х1ора шарахь, 10-чу майхь махкахь билгалдоккху вай республикан халкъийн иэсан, лазаман де. Х1Х-чу б1ешерахь Кавказан бехачу т1амехь, Сталинан репрессийн шерашкахь цхьа а бехк боцуш набахтешкахь, Сибирера лагершкахь  байинарш, цул т1аьхьа дийнна къам махкахдаьккхинчу шерашкахь  (1944-1957шш.) мацалло, цамгарша х1аллакбинарш, ХХ-чу б1ешеран чаккхенгахь шина т1еман к1уьрехь д1акхелхинарш, иштта, 2004-чу шеран 9-чу майхь мостаг1ийн тешнабехк бахьана долуш д1акхелхина Нохчийн Республикан хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, цуьнан накъостий (Дала г1азот къобалдойла церан), к1орггерачу дегалазамца, саг1анаш дахарца, до1анашца, зуькаршца дагалоьцу вай оцу дийнахь. 

   Исторехь вайн халкъана кест-кеста т1е1итталуш хилла луьра а, къиза а меттигаш хиларан коьрта бахьана дара Ахьмад-Хьаьжа санна халкъах дог лозуш, 1илма, хьекъал долуш хьалхавала Мехкада цахилар. Иза вара кхерамах, доккхачу зуламах вайн халкъ хьалхадаьккхинарг. Шел т1аьхьа шен къомана юхаденбина, тобина, чу садалийна Даймохк а битина, г1азотехь д1авахана иза. Аьмад-Хьаьжин доьналла, хьуьнар, хьекъал бахьана долуш халкъана т1ебоьссинчу сингаттамах хьалхадаьлла нохчийн къам тахана Россин халкъашца дика а, вон а доькъуш машаречу махкахь дехаш ду. Ахьмад-Хьаьжа а, иштта цуьнан накъостий а хилла машаречу къийсамехьа шайн дахар д1аделла мехкан тоьлла, турпала к1ентий а даима лаьттар бу вайн иэсехь, дегнашкахь. Тахана Ахьмад-Хьаьжин к1анта Нохчийн Республикан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана кхиамца д1ахьо цо хаьржина нийса некъ. Машар, кхерамазалла, маьрша дахар ду тахана Нохчийчохь.

   Х1окху деношкахь 12 шо кхочу махкахь и де билгалдоккхуш долу. Махкара дукха адам дара Ахьмад-Юьртахь Нохчийн Республикан хьалхара Президентан, Россин Турпалхочун Ахьмад-Хьаьжин кашт1е х1отта деана. Зуькаршца, до1анашца, дегалазаман дагалецамашца д1адаьхьира махко къоман иэсан, лазаман де. 

   Дала т1аьхье беркате йойла вайн! Цкъа а вон ца гуш, ирсе дехийла вайн мехкан халкъаш!