Билгалдехира районехь футбол кхиоран некъаш

      Комментарии к записи Билгалдехира районехь футбол кхиоран некъаш отключены

  Х1окху т1аьхьарчу шерашкахь  районехь кхиа долаелла спортан цхьа дакъа долу футбол. Иза цхьана аг1ор боккха кхиам бу кегийрхой спортан дахарна юкъаозорехь. Масалш далош аьлча, республикехь дика евзаш ю лаккхарчу лигехь ловзуш йолу «Казбек» футболан команда. Районехь хьалхеяккхаран меттигаш къовсуш ловзуш ю ярташкахь вовшахтоьхна командаш.

   Футболах ловзаран мур д1аболалуш х1ун кечамаш бина хьовсуш тренерийн кхеташо хилира х1окху деношкахь Нажин-Юьртара спорткомплексехь. Кхеташонехь дакъалоцуш бара № 1,2 йолу спортан школийн директорш Исрапилов Хьамзат, Минкаилов Муса, районан футболехула лакхара тренер волу Мунгиев 1ильмади, тренерш.

   Кхеташо д1ахьош волчу Мунгиев 1ильмадис довзийтира дийцаре дан билгалдина г1уллакхаш: футболан майданаш хазъеш кечъяр, районехь футбол кхиор кхид1а а тодар, футболисташна духарца кхачояр, футболан ветеранийн лакхара тренер харжар кхидерш.

   Дийцаре дан билгалдаьхначу г1уллакхашкахула шайна хетарг а олуш къамелаш дира Исрапилов Хьамзата, Минкаилов Мусас, Мунгиев 1ильмадис, «Вайнах» командин тренера Хадалов Ибрех1има.

   Районан футболан ветеранийн лакхара тренер хаьржира Эзерханов Лечи.

   Кхеташонехь дакъалоцуш вара районан администрацин куьйгалхочун г1оьнча Джамалдиев Турпал.