Д1адолийна школан г1ишло дешаран керлачу шарна кечъяр

      Комментарии к записи Д1адолийна школан г1ишло дешаран керлачу шарна кечъяр отключены

 Шеко йоцуш ду, 1едалан барамехь образованин дакъа кхиорна т1е коьрта тидам бохуьйтуш хилар. Ярташкахь йина, еш а ю школан керла объекташ. Д1адаханчу шарахь дуьйна Нохчийн Республикан образованин, 1илманан министерствон программица д1аболийна болх бу г1о оьшучу школашна капитальни ремонт еш, кхузаманан лехамашна жоп луш кечъярна т1ехьажийна.

   Д1айолийначу программица х1окху шарахь капитальни ремонт ян билгалйина ю районера цхьацца йолу школаш. Царах цхьаъ ю Сонут1ара юккъера юкъарадешаран школа (директор Такаев Махарби.

   Х1окху деношкахь школехь д1аболийна капитальни ремонтан белхаш. И болх т1елаьцна республикера «стройинжинеринг» подрядан организацис.

   Болийначу белхашна таллам беш школехь хилира Нохчийн Республикан Парламентан депутаташ Демильханов Муса, Рашаев Забек, «Единая Россия» партин меттигера отделенин куьйгалхо Хатулаев Виспаша, районан къанойн кхеташонан председатель Зайпулаев 1умарсолта, говзанча Матрашов Сулима. Таллам бар вовшахтоьхнера партин меттигера отделенин говзанчаша.

   Школехь д1ахьочу ремонтан белхашна таллам беш хьеший цхьаьнакхийтира белхалошца, резахилира бечу белхашна.

   Лакхарчу классашкара дешархошца д1адаьхьира т1екхуьуш йолу къона т1аьхье синоьздангаллин дог-ойланехь кхетош-кхиорна т1ехьажийна къамелдар. Вистхиллачу Зайпулаев 1умарсолтас коьрта тидам бахийтира нохчийн г1иллакх-оьздангаллин некъаш лардарна т1е.