Нохчийн Республикан хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а (Дала Г1азот къобалдойла цуьнан), Советски Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин а (Дала декъалвойла иза) сийнна лерина, «Турпалхочунна т1ера турпалхочунна т1е» автохахкаран акци д1айолаелира х1окху деношкахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арахчу Сийлаллин Мемориальни комплексера. Кху шеран «Турпалхочунна т1ера турпалхочунна т1е» автохахкаран акци т1ехьажийна яра Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман толаман 78 шо кхачарна. Акцин декъашхой новкъабохучу мероприятехь дакъалецира Грозный г1алин мэрин векалша, Росгвардин урхаллин белхалоша, юкъараллин организациша, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арахчу МВД-н суворовски т1еман училищан дешархоша.
Х1ора шарахь д1ахьочу автохахкаран сийлахьчу акцехь дакъалоцуш хилира Нохчийн Республикан Юкъараллин палатин председателан г1оьнча Сайдаев Ислам, т1еман ветеранийн, т1еман-патриотически «Турпалхочунна т1ера турпалхочунна т1е» клубан регионашна юкъара юкъараллин организацин председатель, Афганистанан ветеран, Российски Федерацин МВД-н полковник (отставкехь) Джамалуев Роман (пректан автор), Нохчийн Республикехула йолу Росгвардин Урхалла, Германехь г1уллакхдеш хиллачу эскархойн Нохчийн, Дагестанан Республикашкахула а, Волгоградски областехула а, Краснодарски крайхула а йолу региональни отделениш, Германехь Советски эскаран мог1арехь г1уллакхдинчу ветеранийн Нажин-Юьртан районехула йолчу организацин куьйгалхо Дибиров Сату-Хьаьжи, Шелан районера декъашхой Имаев Бухари, Исаев Рамзан, и.кх. а.
Автохахкаран акци д1айолаелира Нохчийн Республикан хьалхара Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арахчу Сийлаллин Аллеяна зезегаш дахкарца. Цул т1аьхьа «Турпалхочунна т1ера Турпалхочунна т1е» акцин юьхьарлаьцна маршрут иштта яра: Ахьмад-Юрт-Кизляр -Элиста-Волгоград Иловля-Кумылженски районан Букановски станицера Советски Союзан турпалхочун Нурадилов Ханпашин кошан барз.
7-чу майхь суйранна, новкъахь Элиста г1алара Даймохкларбархойн х1олламана т1е х1иттинчул т1аьхьа шолг1ачу дийнахь кхечира акцин декъашхой Волгоградера Мамаев-Барз т1е. Цигахь СССР-н турпалхочун Нурадилов Ханпашин сийнна йиллинчу экъанна а, Сталинград ларъярхошна-нохчашна йиллинчу х1олламна т1е зезагаш а дехкина, Волгоград г1алин кешнашка д1авоьллинчу СССР-н турпалхочун Г.А. Демченко кошт1е х1иттира Нохчийн Республикера акцин декъашхой. Турпалхо Г.А. Демченко- Афганистанан турпалхо, Нохчийчохь вина а, кхиъна а вара.
Волгоградехь вайн делегацина дуьхьал веара Нохчийн Республикан Волгаградски областехула волу векал Баймурадов 1абдул-Межед. Цигахь д1аяьхьначу массо а мероприятешкахь Нохчийчуьра акцин декъашхошца цхьаьна вара иза.
Цигара д1а Волгоградски областан Иловлински районехь йолчу Сийлахь -боккхачу Даймехкан т1еман декъашхошна, т1емалошна-Афганцашна х1оттийначу х1олламна т1е зезагаш дехкира Нохчийчуьра акцин декъашхоша.
9-чу майхь-Толаман дийнахь, Волгоградски областан Кумылженски районан Букановски станицера Советски Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин кашт1е кхечира Нохчийчуьра «Турпалхочунна т1ера турпалхочунна т1е» автохахкаран акцин декъашхой. Хзахетарца, баккхийберца сийдеш, беза хьеший бина т1еийцира цигара бахархоша Нохчийчуьра хьеший. Цхьаьнакхетарш хилира районан, станицан куьйгалхошца, бахархошца, цигахь бехачу вайн махкахошца.
Акцин декъашхочо, Германехь Советски эскарехь г1уллакхдинчу ветеранийн вайн районехула йолчу организацин куьйгалхочо Дибиров Сату-Хьаьжас шаьш Букановски станицера бахархоша т1елацарх лаьцна иштта элира:
-Тхуна дуьхьал баьхкинера районан, станицин куьйгалхой, бахархой, дешархой, МВД-н, иштта 1едалан массо а организацешкара белхалой. Хаза гуш, доггаха доладина дара вайн турпала махкахочун Нурадилов Ханпашин каш. Ханпашин гергарчу нахаца доккха гергарло долуш ю Букановски станицера яхархо Кажекина Елена. Шен дас дитина весет кхочушдеш, цуьнан доладеш схьайог1уш ю и догдика стаг. Ханпашех лаьцна хаза дош ала луурш дуккха а бара юьртахошна юкъахь. Доккха хьошалла лелийра цара тхуна. Тхан гуьйгалхочо Джамалуев Романа тхан ц1арах, нохчийн къоман ц1арах доккха баркалла элира Букановски станицан бахархошна.
