Таллам бира берийн бешан объектана

      Комментарии к записи Таллам бира берийн бешан объектана отключены

   Нажин-Юьртахь сихачу боларшца д1ахьош бу 140 меттигана лерина берийн бешан г1ишло яран белхаш. Чекхбаьллачу муьрехь керла берийн беш хинйолчу меттехь дуккха а белхаш бира майда кечъеш. Тахана кхузахь сихачу боларшца д1ахьош ду г1ишлонан бухботтар.

   Прораба Джарлаев Вахас билгалдаккхарехь, берийн бешан г1ишло яран белхаш х1оттийначу графикал т1аьхьа цабуьсуш дика д1ахьош бу. Оьшшучу барамехь белхалой, техника, белхан г1ирсаш бу.

   Г1ишло яран блхана таллм беш х1окху деношкахь кхузахь хилира «Единая Россия» партин меттигера отделенин куьйгалхо Хатулаев Виспаша, говзанча, районан куьйгалхочун г1оьнча Матрашов Сулима, районан къанойн кхеташонан председатель Зайпулаев 1умарсолта. Талламхой резахилира д1ахьочу белхашна.