Некъ дика хуьлда шун!
Районан школашкахь т1аьххьара горгали бийкира 23-чу майхь. Хьехархоша, дешархоша оцу дийнахь керлачу дахаран новкъа ваьккхира 51 юкъарадешаран школашкахь доьшуш хилла 293 выпускник, 9-чу классашкахь доьшуш хилла 780 дешархоша кхид1а а шайн лаамехь доьшур ду школашкахь я дешаран заведенешкахь.
Школаца къастаран де цхьана аг1ор г1айг1ане а, шолг1ачу аг1ор самукъане а де хилла д1ах1оьттира выпускникашна. Шолг1а ц1а ларалуш йолу школа, дас-нанас санна хьекъалениг, диканиг 1амош вочух ларбеш, даима а уллохь хиллачу хьехархойх къастар халахетар дара выпускникаша шайн къамелашкахь билгалдоккхург. Дахаран новкъа хьалхара г1улч йоккху де хиларо а шен башха ойланаш кхуллура церан дегнашкахь.

Школа чекхъяккхарца выпускникаш декъалбан баьхкира 1едалан структурийн куьйгалхой, юкъараллин векалш, дай-наной. Т1аьххьара горгалина лерина дезачу дийнан мероприятешкахь дакъалоцуш бара районан администрацин, райсоветан куьйгалхой, аппаратан говзанчаш, районан образованин урхаллин начальник Зубайраев Сайпудди, отделийн говзанчаш.
«Халкъан дош» газетан корреспондент хилира Согунт1ара юккъера юкъарадешаран школехь. Цигахь вовшахтоьхначу мероприятин шен башхаллаш яра. Уггаре а оха тидаме эцнарг дара бераша олу дош, йоьшу стихаш, д1алокху эшарш, цхьайтта шарахь шайна чу са а диллина, шайн доьзалхочул сов къинхетам болуш, дог лозуш хиллачу хьехархойн ц1арах аьлла дешнаш.
Долоран дош олуш вистхиллачу школан директора Такаев Махарбис билгалдаьккхира т1аьххьара горгалин де выпускникийн дахарехь ирсе, цуьнца цхьаьна г1айг1ане хилар. Д1ахаийтира керла дахаран новкъа бовлучу выпускникийн ирс-аьтту хуьла шена лууш хилар. Кхид1а а шен къамелехь далийра иштта дешнаш:
— Тахана школехь д1ахоьцуш ву 11-чу классера 8 выпускник, 9-г1а класс чекхйоккхуш ву 8 дешархо. Хьалха бу экзаменаш д1аяларан жоьпаллин мур. Шун цу т1ехь аьтту хуьлийла а лаьа суна.

Школан выпускникаш хинболу г1ишлошъярхой, юристаш, экономисташ, лоьраш, хьехархой, бухгалтераш. Цхьайтта шарахь х1окху гимназин пенаршна юкъахь 1амийна шу дика хаарш, низам, г1иллакх-оьздангалла, дайн 1адаташ ларлеш кхиа луур ду тхуна. Дахаран некъ хаьржина шаьш мичча маь11ехь хиларх йиц ма е шаьш дешна школа, шу дахаран новкъа даьхна хьехархой кхиъна юрт некъ дика хуьлда шун!
Такаевс школан администрацин ц1арах сийлаллин грамоташ, баркаллин кехаташ луш совг1аташ дира школа чекхъяьккхинчу выпускникашна, школан юкъараллин дахарехь жигара дакъалаьцначу дешархошна, дай-наношна а.

Выпускникийн ц1арах довха дешнаш олуш къамелаш дира Мескитара юьртан администрацин куьйгалхочун заместитела Висамбиев Туркос, дай-наноша.
