Ламаст хилла схьадог1уш ду райцентрехь, ярташкахь санитарни ц1аналла латтош субботникаш д1аяхьар. Иштта х1окху деношкахь райцентрера учрежденешкара, предприятешкара белхалой арабевлла дуккха а г1уллакхаш дира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах болу урамера нехаш д1айохуш, бордюрашна кира тухуш, иза куьце балорехь. Дика г1уллакхаш кхочушдира Ямсу хина тиллина т1ай ц1андеш. Оцу дийнахь цхьамогг1а белхаш бира учрежденийн, предприятийн ков-керташ ц1анъеш куьце ялорехь.
***
Районан коьртачу майданахь бу Нохчийн Республикан хьалхара Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина, Нохчийчохь машарен дахар лардеш кхелхинчу полицин сотрудникашна, Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман дакъалацархошна х1иттийна х1олламаш. «Единая Россия» партин меттигера отделенис (куьйгалхо Хатулаев Виспаша) х1олламийн терго еш, санитарни хьелаш лардеш, сих-сиха вовшахтуху субботникаш. Иштта х1окху деношкахь партин векалша дика г1уллакхаш дира майда куьце ялош.
