Хьалхара меттигаш ехира вайн спортсменаша

      Комментарии к записи Хьалхара меттигаш ехира вайн спортсменаша отключены

  Х1окху деношкахь, мА-дарра аьлча, 3-4-чу июнехь Волгаградехь д1аяьхьира пауэрлифтингехула (тайп-тайпана кепара езалла айар) йолу Евразин д1айиллина чемпионат. Оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш вара вайн районера 4 спортсмен: «Единая Россия» партин меттигера отделенин говзанча Матрашов Сулим (Нажин-Юрт), Кибичев Масхьуд (Мескита), Татаев Ислам (Айти-Мохк), Илисов Мохьмада (Нажин-Юрт).

   Вай лакхахь ц1ераш яьхначу спортсменаша шайн дег1ан йозаллин барамера спортсменашна юкъахь лаккхара кхиамаш гайтира Евразин д1айиллина чемпионатан къийсадаларшкахь. Хьалхара меттигаш ехира Матрашов Сулима, Кибичев Масхьуда, Татаев Ислама, шолг1а меттиг баьккхира Илисов Мохьмада.

   Карарчу шарахь Россин Федерацехь д1аяьхьначу кхаа чемпионатера а иштта лакхарчу кхиамашца ц1абирзира спортсменаш. 

   Дала т1аьхье беркате йойла церан!