Школашкахь ремонтни белхаш д1абахьарна таллам бира

      Комментарии к записи Школашкахь ремонтни белхаш д1абахьарна таллам бира отключены

   Д1адаханчу шарахь дуьйна Нохчийн Республикан дешаран, 1илманан министерствон программица д1аболийна белхаш бу районера цхьацца йолчу школашна капитальни ремонт ярна т1ехьажийна. Карарчу хенахь и белхаш д1а а болийна, д1ахьош бу «Стройинжинеринг» подрядан организацис Мескитара, Согунт1ара юккъера юкъарадешаран школашкахь. Т1еоьзна белхаш д1абахьа оьшуш йолу коьчал. Шайн белхан декхарш дика девзаш, кхочушдеш схьабог1у белхалой.

   Ремонтни белхаш д1абахьарна таллам беш школашкахь хилира Нохчийн Республикан Парламентан депутат Демильханов Муса, «Единая Россия» партин меттигера отделенин куьйгалхо Хатулаев Виспаша, говзанча Матрашов Сулим, районан къанойн кхеташонан председатель Зайпулаев 1умарсолта. Уьш цхьаьнакхийтира Мескитара , Согунт1ара школийн директоршца Бетирсултанов 1умар1елица, Такаев Маг1арбица, белхалошца. Билгалделира лакхахь ц1ераш яьхначу школашкахь капитальни ремонт яран белхаш лаккхарчу вовшахтохараллица д1ахьош хилар. Август беттан чаккхенехь и объекташ дешаран керлачу шарна кийча хилийта 1алашо ю белхалойн.