Берийн беш яран белхашна талам бира

      Комментарии к записи Берийн беш яран белхашна талам бира отключены

Газето кхул хьалха хаам бина ма-хиллара Нажин-Юьртахь ян йолийна 140 меттигана лерина берийн бешан г1ишло. Иза доккха г1уллакх ду чохь дуккха а бераш долчу доьзалшна. Бахархошна социальни декъехь г1о дарехь йоккхуш мехала г1улч ю иза.

   «Единая Россия» партин меттигера отделенин куьйгалхочо Хатулаев Виспашас, говзанчас Матрашов Сулима, районан къанойн кхеташонан председатела Зайпулаев 1умарсолтас таллам бира берийн бешан г1ишлояран балхана. Билгалделира г1ишлонан баххаш боьттина а бевлла, белхалой чир еш хилар. Участкан мастера Мушкаев Ибрех1има дийцира г1ишло ярна оьшу белхалой, коьчал тоъалчу барамехь хилар.

   Талламхой резахилла бара объектехь д1ахьочу белхашна.