Адаман дахарехь дег1ан меже массо а хенахь хилла лазарна кхерам болуш. Травмотолог-адамийн лазийначу я йойначу меженашна дарба лелош волу лор ву. Муьлххачу а юкъараллехь оьшуш, цахилча йиш йоцуш ю лоьран говзалла. Ткъа дика лор хьан-хьаннах ца хуьлу. Стагана дика лор, къаьсттина дика травмотолог, хила оьшу, шатайпа ч1ог1а амал, собар, къинхетам, дарбане куьг, сема иэс долуш. Иштта шех дика дош ала хьакъ ву районан больницан травмотолог-ортопед Эльмурадов Маьхьди.
Эльмурзаев Маьхьди вина 1974-чу шеран 8-чу апрелехь. Маьхьдис школехь доьшуш волуш дуьйна къастам бинера шен белхан говзаллин. Ша школера дешна ваьлча, Грознера медколледже деша вахара иза. 1994-чу шарахь иза кхиамца чекхъяьккхира цо. Юхьанца болх бира Гуьмсера ц1ерпоштнекъан больницан рентгенкабинетехь. 1995-98-чу шерашкахь Гуьмсан районера Иласхан-Юьртан ФАП-н заведующин даржехь болх бира цо.
1998-чу шарахь Азербайджане медицински университете деша вахара Маьхьди. 2004-чу шарахь кхиамца иза чекхъяьккхира цо. 2007-чу шарахь иштта кхиамца чекхвелира иза юкъара хирургин интернатурех. 2007-чу шарахь Астраханехь травмотолог-ортопедан говзаллин практиках чекхвелира Маьхьди. Белхаш бира Гуьмсера районан больницан травмотологин отделенехь а, трвмотологин экстренни г1оьналлин отделенехь а. 2012-чу шарахь Маьхьди Г.А. Илизаровн ц1арах йолчу медицински центрехь травмотологин говзалла лакхайоккхуш вара.
2020-чу шеран март баттахь дуьйна Нажин Юьртан ЦРБ-н травмотолог-ортопедан даржехь адамийн чевнашна дарба лелош схьавог1уш ву Эльмурадов. Цуьнца г1уллакх деанчу бахархоша баркаллица хьахаво Маьхьди.
