Ламаст хила схьадог1уш ду х1ора шарахь «Бенара б1аьсте — 2023» фестиваль д1ахьочу дийнахь Нохчийн Республикан могашалла 1алашъяран министерствон д1адолорца Бена-Веданахь районера бахархошна диспансеризаци яр. Иштта хилира х1окху шарахь а.
Бена-Веданара школан майданахь д1ах1иттийнера четаран чоьнаш. Бахархой т1еэца, церан могашаллин хьал довза х1ора четаран чоьнаш чохь д1атарбина бара республикера, районан больницера тайп-тайпана говзаллин лоьраш. Районан 1075 вахархочун таро хилира шайн могашаллин хьал довза. Цхьацца болу бахархой хьовсийра Грозный г1алара, районан больнице шайн могашалла меттах1оттийта.
Диспансеризаци д1аяхьарна т1ехь дика г1уллакхдира республикан могашалла 1алашъяран министра Лорсанов Сулеймана, районан больницан коьрта лоьро Джамиева Рабията, цуьнан заместитела Автарханов Элашбис. Бахархой диспансеризаци ечу метте д1абуьгуш, ц1абалош дика г1уллакхдира яртийн администрацийн, учрежденийн, организацийн куьйгалхоша.
