Районан бахархошка

      Комментарии к записи Районан бахархошка отключены

Вайн миллатан да волчу Ибрах1им-Пайхамаран а, Дала вайга дин кхайкхо ваийтинчу Моххьамад-Пайхамаран а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннат ду г1урба дар.

Г1урба дар динан билгалонех цхьа билгало ю, 1ибадатах деза 1ибадат а ду. Бусалбанийн уггаре сий-лараме долчу оцу дезачу дийно стеган синкхетам, оьздангалла, г1иллакх, ламасташ, къоман башха 1адаташ кхиадо.

Дала массерен г1урба къобал дойла. Хьаьжц1ахь болчеран хьаж къобал а дойла. Шена муьт1ахь а, вовшашца бертахь а долуш нисдойла вай Хастам хиларо. Вайн дегнашкахь меттиг ма юьсийла оьг1азлонна а, г1айг1анна а.

Дала шен дика ма эшадойла вайна, Дала шен иманехь ч1аг1дойла вай. Нийсо, барт сов болуш, г1урба дан аьтту хуьлийла вайн. Дала ийманехь совдохийла вай.

А.Музуруев,

районан администрацин куьйгалхо