Зама хьалхахьа мел уьду а хийцало адамаш, церан г1иллакхаш, 1ер-дахар, юкъараллин, доьзалан, иштта доттаг1аллин юкъаметтигаш а. Заманца вайна юкъара д1адевлла цхьадолу г1иллакхаш. Амма хийла нохчочун дог-ойла йохош ду вайна юкъара диканиг, дайша сийдеш, доладеш, лардеш лелийна г1иллакхаш тишдалар. Нохчий къаьсттина ч1ог1а ларлуш хилла доьзалехь, гергарлонашца юкъараллехь эвхьаза леларх. Уггар дастаме хеташ хилла наха юкъахь эвхьаза лелар. Пхьоьханахь, новкъаца, хьошалг1ахь лелош шен-шен некъаш, низам долуш оьзда схьадеана къам ду вайн къам. Ма-дарра аьлча, со ала г1ертарг ду тахана цхьаболчу кегийрхошкахь ца товш, нохчийн амалца цайог1уш йолу дастамалла, оьрсашна а дайна, «моде» а яьлла йисахь вайна г1иллакхийн тоьлла дакъа д1адаларна кхерам болуш хьал х1оьттиний-те аьлла хетар.
Г1алат ваьлла яьлла ледарло яц вай юьйцург. Г1алат гечдо халкъо. Амма гуш-хууш а долуш, нахах ца вешаш, ца кхоьруш, ша бен стаг ца хеташ долу г1алат билггала хуьлу. Иза ца гечдо халкъо. Кегийрхоша оцу кепара дуьлуьйту г1алаташ дагах кхета х1оранна а, къаьсттина воккхачунна. Вайна зама тоелла еанехь а, юкъара тоьллачу г1иллакхех хера девллий-те вай ала бахьанаш дукха го вайна тахана. Иза йоккха чов ю юкъараллин г1иллакх-оьздангаллина хуьлуш ерг.
Тахана дукх хир бац вайх долахь хахка машен йоцуш. Дукха хьолахь кегийрхошкахь ю уьш. Г1иллакхах боьхна кегийрхой дукха хаало машенашца болчарна юкъахь. Ахь шайх долу г1алат билгалдаьккхича хьо воккха вара, жима вара аьлла ца 1аш, даррехь хьоьца девне вала кийча хуьлу таханлера жимастаг. Уггаре а ца товш дерг ду вовшашца къийсабалар. Юьртахь тезет хиларан чот ца еш, т1ета11ийна эшарш лоькхуьйтуш вог1ург а хуьлу. Хьуна т1е 1овраш тухуш т1ехвериг а хуьлу. Новкъахь машен улло туьйсуш йо1 яха-ян ца юьтуш верг а хуьлу. Ахь шега бехк баьккхича, «Ша хьена мила ву хаьий хьуна, хьо мила вара шега бехк баккха, 1едал вайгахь ду»,- бохуш верг а волу дукха хьолахь. Машен т1е хиъча майралла юссуш волу жимастаг ву-кх тахана «модехь».
«Жима къонаха, хьо жимма ларт1ехь лела ца мега?»- шега аьлча, «Хьайна ма-хетта д1ахахка аьлла схьаелла-кх х1ара соьга», -олуш верг а хуьлу дукха хьолахь. Хаац нахана х1ун дагадог1у, иштта эхь-бехк дайна кегийнах гича? Амма неха санна доьхна г1уллакх ду-кх оццул г1иллакхах, оьздангаллех вохар. Наха шена наь1алт олий ца хаьа-те цунна. Нехан наь1алтах ца кхоьруш волу нохчо муха хила веза-те?
Г1иллакх-оьздангаллица, воккхачунца, г1ийлачуьнца, аьххар а законашца эвхьаза валар ду иза. Школехь, доьзалехь, маьждигашкахь дуьйцуш, хьехамаш беш схьадог1уш ду вай. Иза иштта доллушехьа х1унда дац-те т1екхуьучара диканиг схьалоцуш оле а хета. Доьзал-иза кхетош-кхиоран уггаре хьалхара, коьрта институт ю вайн юкъараллехь. Доьзалехь ийман, г1иллакх, оьздангалла ларъеш хилча юкъараллехь а низам лардо стага. Вайгахь вайн ламасташ, адамаллин васташ лардан доьналла хилахь, даима а юхьк1айн хир ду вай. И ца хилахь юхь1аьржо а ю когаш к1ел. Дала т1аьхье беркате йойла вайн! Дала нийсачу новкъахь латтадойла вай!
