Г1оьрдалойн Алхот
Ткъайоьсналг1ачу б1ешеран юьххьехь, Г1оьрдалахь дуьненчу ваьлла имам Шемалан наиб хилла волу Алхот. Алхотан схьавалар г1оьрдалойн тайпанах хилла. Шен дайша гайтина доьналла а, халкъалахь яккхийтина дика ц1е а масална лоьцуш, массо аг1ор хьуьнар долуш майраллица чекхваьлла Алхот. Ша жимстаг волчу хенахь дуьйна Кавказан т1амехь жигара дакъалаьцна ву иза. Ч1ог1а каде а, мажар-топ нийса тухуш а, ткъесан хьесапехь чехка шаьлта, тур ластош каде т1емало хилла г1оьрдалойн Алхот.
Цхьана дийнахь Майртуьпана уллохь Мичик-Хина дехьа а, сехьа а ши берд д1алаьцна, вовшахлата гулделла хилла оьрсийн паччахьан а, Шемалан а эскарш. Шеца лаьтташ наибаш а, мурдаш а болуш ехачу турмала хьоьжуш хилла Шемал. Оьрсийн эскарера к1айчу динахь, т1едуьйхина к1айн чоа а долуш, коьрта тиллина к1айн месала куй а болуш цхьа эпсар-бере хилла Мичик-Хил сехьа а ваьлла байт1ехула дин хьийзош. Говр хьийзош пиренгойн (французин) тапча а лестош, шех лата ваьхьаш стаг вуй Шемалан б1аьхошна юкъахь бохуш мохь бетташ, карзахвуьйлуш хилла иза. Иштта сурт гинчу имама турмал охьа а яхийтина кхайкхам бина шен эскаре: «И эпсар вийначунна доккха совг1ат лур дара-кха аса», -аьлла
Имама бинчу кхайкхамна сихонца схьаиккхина дехьо лаьтташ волу наиб Алхот, ша лета рву оцу оьрсийн эпсарх аьлла. Х1ара ханна жима а, дег1ана г1ийло а хеттачу имама шеконца хаьттира боху: «Хьо ларор вуй-техьа цуьнца?». «Ларор ву дера. Аса и вен а вийна, цуьнан ц1етт деъча тоьий хьуна?», -аьлла шех б1обулуш волчу жимстага.
Имама пурба а делла, ма-йоьдду говр оьрсийн эпсарна т1ехаьхкина Алхота. Кхунах б1аьрг кхеттачу эпсара а майрра дуьхьалхаьхкина шен дин. Амма ира б1аьрса, шиа куьг масса долчу Алхота шен цкъа а харц хилла йоцу мажар-топ тоьхна говрара вожийна паччахьан эпсар. Акха цициг санна т1ахъаьлла говрара охьаиккхинчу Алхота, шен ирачу шаьлтанца пиренгойн тапча карахь йолу куьг доккху оцу эпсаран. Иштта, имамана ц1етт а дохьуш вухавог1у иза. Цуьнан буйнара тапча шен доьхкарх а йоьллина, ша вийначун лерам беш, цуьнан тур баттара а даьккхина, цуьнан некхат1е а диллина, цуьнан дина а хиъна, шен говр юххе а лаьцна, оьрсийн т1емалой хиллачух кхеттабовлале, имам Шемалан б1о болчу д1ахаьхкина Алхота. Шайн тоьлла эпсар нохчочо вийнийла хиъначу оьрсийн т1емалойн маьхьарий девлла. Алхот дийна д1а ца вахийта цунна т1аьхьахьаьлхина уьш. Амма г1оьрдалойн турпала к1ант цаьрга лацалург ца хиллера. Имам Шемална т1е а кхаьчна, шегара даьллачу хьунаран тоьшалла д1агайтина цо.
-Тур дацара цу Дела мостаг1чуьнгахь? И х1унда ца деара ахьа схьа?-аьлла цхьана б1аьхочо шега мохь тоьхча, Алхота иштта жоп делла хиллера:
-Баттара а даьккхина, оцу эпсаран некха т1ехь дитира аса иза. Керста велахь а, майра верг лара веза. И оьрсий майра хиларна цуьнан сий дира аса, -аьлла хилла г1оьрдалойн к1анта.
Т1амехь йина дукха чевнаш хилла Алхотан. Оьрсийн 1едало 1867-чу шарахь Г1оьрдалахь нах д1аязбечу хенахь дуьххьара д1аязвина ву иза. «Алгот Джамбулатов», -аьлла. Х1етахь 33 шо хилла цуьнан.
Алхотан кхалхар хилла 1893-чу шарахь. Д1авоьллина ву Нажин-Юртан к1оштан Г1оьрдалара кешнашкахь.
