Васт-стеган, я зудчун гар, куц, кеп, лелар, болар, хич, сибат, къамел дар, доццачу дешнашца аьлча, адман оьздангаллин барам гойту куьзга хилла лелла ду массо а заманчохь. Х1ора а къоман 1ер-дахаран кеп (товш а, ца товш а) шен-шен васташ долуш хуьлуш ю. Къоман кхиарца, я кхечу къоман т1е1аткъам совбаларца, я иштта кхечу хиламийн бахьанашца юкъараллин амалш, васташ хийцаделла я дайна д1адевлла меттигаш дукха ю исторехь. Муьлххачу а кхечу къоман дика васт, дика амал т1еэцар дика лерина вайн дайша. Амма шайн диканиг д1атесна дитар ч1ог1а осала а лерина цара.
Ткъа х1ун ду дика ца леринарг? Дера ду эзар шерашкахь дуьйна дайша къобал а дина схьайог1учу амалх, вастах стаг вохар я цавашар. Товш долчух, товш доцург къасто цахаар, я хууш велахь и къастон цалаар. Къоман васташца а, я динца а ца дог1у харцдерг дийцар, харц тоьшалла дар, къола дар, курхалла лелор, куралла яр, ша хестор, шех тамаша байта г1ертар, дастам лелар, питана, эладита лелор, зулам дар. Иштта нисло вайна юкъахь «хьо» стогаллех вохо г1ерташ, «хьо» шега терра лахван г1ерташ берш а. Ткъа хууш ду къоман юьхь-сибат, цуьнан васт Нохчоллин г1иллакхаша хаздеш хилар. Нохчийчохь дика вевзаш волчу яздархочо Исмаилов Абус иштта маь1на дина нохчоллин:
-«Нохчолла»-иза дуьненчохь вайнехан философи, бух т1ера кхетам хиларал сов, нохчо кхечу къомах къастош хилла йолу ю.
Ткъа иштта г1араваьллачу яздархочо Нунуев Сайд-Хьамзата а яздо:
-Шегахь «Нохчолла» дерг, Нохь-Пайхамара Дала дуьненчу х1орд хецначу хенахь, Делан пурбанца цо х1орда-кеманца к1елхьара даьккхина, дийна дисинчу адаман т1аьхьене деллачу г1иллакхашций а, амалшций а вазавеллачу стагах олу.
Вайнехан 1илманчаша дийцарехь, «Уьш нах бац» бохург, уьш Нохьан т1аьхьенах шайн леларца, г1иллакхашца, 1ер-дахаран низамаца д1ахаьдда, Нохьан т1аьхьенах бац бохург санна кхетадо вайн иэсо. «Шу адамаш дац»,-аьлча д1ора чот а ца йо нохчочо, я башха ч1ирехьа а ца долу иза. Амма «Шу нах дац» аьлча цунах дов хуьлу, и дов туьре-тоьпе а долу вайн.
Оццул луьра, бехке лору вайнаха Нохь-Пайхамарера схьадеанчу г1иллакхах (нохчоллах) вохар. Ткъа шен чулацамца муьлххачу а къомана юкъахь товш а, муьлххачу къомо, шена д1акхехьа карх ца далахь а, къобалйийр йолу мехалла ю «Нохчоллин» иэсан чулацамца.
Вай лакхахь дагардина къоман васташ дагца, дег1аца, маттаца хила хьакъ ду. Уьш вай лардеш, сийдеш, тишдала ца дуьтуш т1аьхьарчу т1аьхьене д1акхачош хила хьакъ ду. Вайнехан иэсехь а, сица а схьаеана оьздачу вастийн мехаллаш ю маршо, шен мостаг1 велахь а стеган сийнна т1е ца кховдар, къонахалла, адам ларар, дезар, оьздангалла, тешам, собар, стогалла, доьналла, сонта йоцу майралла, синлакхалла. Вовшашца лерам хилар, муьлххачу къомах я милла иза хиларх-воккхачун сий дар аганара дуьйна марздеш хилла вайн дай-наноша.
Бакъду, еххачу заманчохь шайн мохк, г1иллакхаш лардеш, лолле ца дерза г1ерташ къийсамехь лаьттина вайн къам. Оцу беххачу къийсамехь к1ез-к1езиг хедаш низаман цхьайолу з1енаш малъелла олий а хета. Хено ха хорцуш хуьлучу хиламаша, Романовг1еран 1едало, большевикийн хено, т1аьхьара хиллачу т1емаша вайн юкъараллин син-оьздангаллина яккхийн чевнаш йина. Делахь а хазахеташ ду х1окху т1аьхьарчу ткъех шарахь вайна юкъара цхьадолу сакхте зуламаш д1адевлла лара мегаш хилар.
Нохчийн хьалхара Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала г1азот къобалдойла цуьнан!), т1аьхьа цуьнан к1анта, Нохчийн Республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана вовшашна юкъахь машар беш д1аехира юкъара ч1ираш, ваьснаш. Шолг1а-вайна юкъара зуда ядор д1а цадаккхаделира Советан 1едална а. И къоман сакхталла тахана д1аяьлла юкъара. Иштта д1адаьлла къоланаш дар а. Тахана вайн къоман дика ц1е яккхийта а, вайн дайн дика васташ дуьнене, т1аьхьарчу т1аьхьене довзийта а йиш йолуш ду вай. Оцу т1ехь д1адаха Дала доьналла а, ницкъ а лойла вайна!
