Яьсси-хин бердаца Т1ерга-дукъан малхбузехьарачу басахь 1аьржа лаьмнийн когашкахь д1атаръелла лаьтта Замай-Юрт. Замай-Юрт малхбузехьа аг1ор Мескита юьртаца, малхбалехьа-Дагестанера аьккхийн латтанашца, Къилбехьа-Керла Замай-Юьртаца, къилбаседехьа-Г1алит1а юьртаца дозанаш долуш ю.
Нажин-Юьртан к1оштахь Нохчийн бухт1ера долчу билтойн тайпанах цхьа юьрт ю иза. 1933-шо кхаччалц х1инца йолчул 3-4 чакхарма къилбехьара Булан-Хит1а юьртаца доза а долуш хилла и юрт. 1835-1933-чу шерашкахь, х1инца Айти-Мохкан дозанашкахь йолу Дабин-Боьра олучу меттехь 1ийна уьш. Юьхьанца Билтойн-Отар олуш хилла цунах. Х1инца Керла Замай-Юрт олучу, Лаха-Замай-Юьртаца малхбалехьа цхьа некъ бен боцуш, доза долуш хилла Лакха-Замай-Юрт а (билтойн Замай-Юрт). 1996-чу шеран «Доьзалийн тептаршкахь» (Псемейные списки) ишттачу ц1ерашца гойтуш а ю и шиа а юьрт.
Ткъалаг1чу б1ешеран 30-чу шерийн юххьехь хиллачу токхамех бахьана а х1оттийна, Сталинан колхозаш, совхозаш шоръяран 1алашо йолуш даьккхина указаца (Указ об укрупнении колхозов и совхозов), 1933-чу шарахь д1аса кхалхийна и ярташ-Лакха Замай-Юрт 3-4 чакхарма охьа, х1инца юрт йолччу а кхалхош, Лаха Замай-Юрт Согунт1а а кхалхош.
Нохчийн массо а ярташкахь санна замане хьаьжжина динан а, дуьненан а 1илма долуш дешна нах бевлла Замай-Юьртара: дешан говзанча, нохчийн меттан, литературин хьехархо Гайтемиров Висарсолта (х1инца цуьнан ц1арах ю юьртара юккъера юкъарадешаран школа), юьртара дуьххьарлера хьехархо, арабист Инуркаев Сайдселим, Уцаев Хьаса, поэт, СССР-н, Россин, Нохчийн Республикан яздархойн декъашхо Шайхиев 1алвади, поэт Цокуев 1илмади, республикан яздархойн декъашхо Даудов Абу-Супъян.
Дуьненан хьалхарчу т1амехь, шех Европера эскарш ц1е яьккхичи а кхерам тосуш хилла «Аьчган Дивизи» (Железная дивизия) йохош дакъалаьцна вара Замай-Юьртара 116 шарахь ваьхна Гебертаев Айбарто. Дуьненан шолг1ачу т1амехь дакъалаьцначу 17 стагах кхоъ воцург (Нагаев Езед, Цабаев Исмаил, Саадиев Сайд-!алви) ц1а ца воьрзуш 14 стаг т1епаза вайна т1еман арахь.
Сталинан репрессиш йолчу шерашкахь дика ц1е йоккхуш хилла хилла Замай-Юьртара Махьмин Аслаг1а. Аслаг1ас а. Дукха хьолахь наха къайлаха вовшахтоьхна мах лой, я дийцарш дой (хьанца а говза къамел дан хууш стаг хилла иза). Иштта, вон-дика луьстуш, х1ора юьртахь санна, машарна юкъ йихкина ара бовлуш дика баккхийнах бара юьртахь суна а дагахь: 1умаран Паша, Истмалан 1умар-Хьаьжа, Шайхин Хас-Мохьмад, Бац1арин К1аьнда, Яндин 1еламсолта, Инуркъин Сайдселим, Юсуп, Аюбан Айдемар, Гассин Закри, Сулимин Оьздамар, Боьрсукъин 1алади, Чинин Леча, Ног1ин Езед, Матин Дида, Зубайрин Идрис, Цоккин Селамха, Зайдин Хансолта, Г1ети Джабал, и.д1. кх. а.
Т1аьхьарчу т1еман шерашкахь даккхийн зенаш а хуьлуш йохийнера юрт. Цхьана буса ц1еххьана даьхкинчу х1аваан кеманаша тоьхначу бомбанаша 28 адам а дуьйш, даккхийн зенаш дира юьртана (22-Замай-Юьртара, 5-Мескитара, 1-Галит1ара). Т1еман хенахь велларг вериге а 50 сов маьрша стаг ву юьртара.
Тахана вайна т1ебеанчу т1еман сингаттамна юкъ йихкина арабевлла дикка к1ентий бу Украинехь.
К1оштан кхийолу ярташ санна хаза тоелла Замай-Юрт.350 сов дозалх вехаш 2100 сов вахархо ву юьртахь вехаш. Юьртахь болх беш ду керла маьждиг, хьуьжар, культуран ц1а, фельдшерско-акушерский пункт, берийн беш, керла йина школа, спортзал. Цхьалха даьлла молучу хица долу хьал. Тахана х1ора керта молуш долу хи ду далийна, ялийна газ, иштта асфальтан некъша ду юьртахула дехкина.
Ламанан ярташ хьалха 1ер-дахарца вон хьегна елахь а, дийно-дийно хазлуш, толуш схьайог1уш ю. Дикчу аг1ор хийцалуш ду т1екхуьучу т1аьхьенан дахар а.
Дала т1аьхье беркате йойла вайн!
Шайхиеа 1алвади
Замай-Юьртахь ву со-Замай-Юьртахь
Юьртахь ву со-Замай-Юьртахь.
Кхузахь дерриг башха ду.
Хьовсал, маьлхаш догу уьрдахь,
Б1еннаш малхаш догуш ду.
Пет1аматаш техка зевне,
Цара марахьерчаво.
..Хьоме юрт, хьох ваьлла, хене
Г1алахь муха волу со?
