Берийн кхоллараллин дахар

      Комментарии к записи Берийн кхоллараллин дахар отключены

Берашна кхоллараллин дахар, цуьнан исбаьхьаллин аг1онаш йовзийтар, царна дахаран тайп-тайпана корматалла, говзалла харжа аьтту бар ю районан т1едузаран дешаран декъан берийн-кхиазхойн технически кхоллараллин центран коллективан коьрта 1алашо. Цунах дика кхета центран белхалой. Кузахь дика хьелаш кхоьллина берашна, кхиазхошна пайде хиндолчу аг1ор дахаран новкъа бовла 1ама, кхиа. Кхузахь болх беш ю эшарийн, туризман, хореографин, вокалан, эстетически, спортан кружокаш. Т1екхуьучу т1аьхьенан аьтту бу шайн даго къастийначу кружокана юкъабаха.

Шеца тхан хиллачу цхьаьнакхетарехь берийн-кхиазхойн технически кхоллараллин центран директора Исрапилова Сиржас дийцира:

-Дешаран декъехь аса болх бен 23-г1а шо ду. 2000-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университетан биологин факультете деша яхара со. Цигахь доьшуш йолуш д1адоладелира сан кхузара белхан дахар а. Тхан коьрта 1алашо ю бераш, кхиазхой кхоллараллин говзаллашна мелла а т1еберзор, цаьрна шайн дахаран некъ, г1уллакх харжа, каро атта хилийта хьелаш кхоллар, уьш нийсачу новкъа бовларехь г1о-накъосталла дар, махкана, халкъана пайде нах кхиорехь къахьегар.

Тхан бераша дакъалоцу районан, республикан тайп-тайпана конкурсашкахь, форумашкахь, иштта кхийолчу мероприятешкахь. Вовшахтуху видеоконкурсаш, онлайн-майданаш. Ма-хуьллу берашна, кхиазхошна шаьш къобалбина некъ лаха хьелаш кхоллар ю тхан 1алашо.

Аьхкенан заманчохь болх беш, берийн сада1аран, могшалла ч1аг1ъяран лагершка бохуьйту. Карарчу шарахь «Горный-Ключ» (Нажин-Юрт), «Горный Беной» (Бена), «Светлячок» (Шела), «Радуга» (Шелковской) лагершкахь садо1уш дара районера бераш. Районан школашкахь д1ахьо «Аьхкенан майданаш». Цигахь д1ахьо юкъара дешаран программица билгалъяьхна мероприятиш: технически, исбаьхьаллин, 1илманан, социально-гуманитарни аг1ор.

Х1окху шарахь республикан лагершкахь садо1уш хилла 324 бер: «Горный Беной» -277 бер, «Горный ключ»-34, «Светлячок»-13. Иштта 12-26-чу августехь Бена («Горный ключ») сада1а г1ур ю профильни кхин а цхьа тоба.

Билгалделира Исрапилова Сиржа шен болх дика бевзаш, безаш, белхан зеделларг долуш жигара белхало хилар. Цунна тоьшалла ду балхахь кхиамаш бахарна цунна «Россин Федерацин юкъарадешаран Сийлахь белхало» ц1е тиллар, Нохчийн Республикан, дешаран министерствон, районан дешаран декъан ц1арах сийлаллин грамоташца дина совг1аташ.