Школашкахь белхаш беш, хьалхалаьттачу жоьпаллин декхаршца дика ларош схьабог1уш болу педагогически говзанчаш к1езиг бац районехь. Цара цхьана а денна лаг1 ца до кхиамийн лакхенашка долу болар. Хьехархочух дозу т1екхуьуш йолу къона т1аьхье массоаг1ор кхетош, заманан лехамашана дуьззина жоп луш кхиор.
Согунт1ара юккъера юкъарадешаран школа тахана дикачарех цхьаъ ю. Хууш ма-хиллара хьехархойн болх кхачаме д1абахийтар школан куьйгалхочух дозуш ду. И деза дукъ шена т1е а лаьцна, директоран декхарш кхиамца кхочушдеш схьавог1у оцу балхана 26 шо хан д1аелла волу Такаев Маг1арби. Цо шен балхахь даима а коьрта лерина хьехархойн къинхьегаман эвсаралла лакхаяккхаран некъаш лахар.
2009-чу шарахь Маг1арбис чекхъяьккхира Нохчийн пачхьалкхан университет. Юьхьанца цо болх бира берашна оьрсийн мотт, литература хьоьхуш, школан завуч волуш.
-Ч1ог1а хала бу хьехархойн болх, иттаза хала бу иза таханлера чолхечу хьелашкахь болх беш хилча, — дуьйцу М.Такаевс. – Оцу т1ехь суна билгалдаккха луучех цхьаъ дара, юьртара школа тишъелла, ма-оьшшу хьелаш доцуш хиларна цхьана хенахь бераша халонаш хьегна хилар. Нохчийн Республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана вайн район юхаметтах1оттор д1акхайкхиначу 2009-чу шарахь йина юьртара школан керла г1ишло. Кху шарахь Нохчийн Республикан дешаран, 1илманан министерствон программица капитальни ремонт еш, хазъеш тоярехь дуккха белхаш бина школехь.
Керлачу дешаран шарахь школехь доьшуш хир ву 168 дешархо. Царна хьоьхуш хир ву 25 хьехархо.
Хьехархочун сий ойуш, хьанал къахьоьгуш схьайог1у школан коллектив. Хьехархойн аьтту бар коьрта г1уллакх лоруш болх беш ву Такаев Маг1арби.
